Ненан мотт сценарий мероприятия

Cкачать: Сценарий внеклассного мероприятия "Ненан мотт - синхазнийн хьоста"

«Ненан  мотт
–           

         синхазнийн 
хьоста »

Хьехархо :Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Ц1е: «Ненан 
мотт – синхазнийн  хьоста »

1алашонаш:  1.Ненан  меттан сийлалла, цуьнан  исбаьхьалла
йовзийтар,

                           
нохчийн меттан, литературин хаарш алсамдахар.

                         
 2.Дешархойн Даймахке а, шайн матте а болу безам   

                            
лакхабаккхар,иза хаа а,1амо а  болу лаам  т1еч1аг1бар;

                  
        3.Ненан меттан, Даймехкан сийдар, дайн оьзда г1иллакхаш

                           
лардар х1ораннан декхар хилар довзуьйтуш, дешархошца   

                            
кхетош-кхиоран болх д1абахьар.

Цхьаьнакхетар д1адахьар

 1-ра д1ахьушверг:         Да ваьлла ца волуш,

Да вала ца вуьтуш,

Ког хецна ца болуш,

ТIам баржо ца
кхуьуш,

ГIамарлахь хIу санна,

 Овкъарлахь суй санна,

 Бихкина Iилманна,

Бихкина иллина,

 Iиллина
биллина,

Биллина Iиллина.

2-г1а д1ахьушверг: Тахана шен
махках а, маттах а, халкъах а дог лозуш куьйгалхо вайн хилар Делера боккха
къинхетам бу . Дозаллица со НОХЧО ву ала йиш ю вайн, мохь тоьххна
Даймахках,ненан маттахь дош ала, байт язъян , илли ала таро ю .

( Кадыров
Рамзан вистхуьлуш видео-ролик).

( Мехкарийн
тобанан хелхар)

I.                  
1-ра д1ахьушверг:Де дика хуьлда шун массеран!

       Тахана цхьа
 шатайпа  де  ду  вайна. Массо  а  самукъадаьлла, ирсе  гуш  ву кху  чохь  а. Иза
 а  ларамаза  дац. Беркате  г1уллакх   хилла  д1ах1оьттина 2007  шеран   май  беттан 
11 –чу  дийнахь   нохчийн   мотт  1алашбаран, кхид1а   шарбаран, кхиоран,
нохчийн  культура   кхиорехь, къоман   башхалла  ларъярехь   цо  лело  маь1на  
лакхадаккхаран  1алашонца  вайн  мехкан куьйгалхочо  «Нохчийн   республикехь   меттанийн 
 хьокъехь»  долчу  Нохчийн   Республикан   законна   куьг   яздина   апрелан  
25-г1а  де –Нохчийн меттан  де д1акхайкхор.

   Х1окху хазачу,
дезачу дийнахь суна даггара декъал дан лаьа шу Ненан меттан денца!

2-г1а
д1ахьушверг: 
Вай  гулдаларан
бахьана Ненан меттан   Денна лерина «Ненан  мотт – синхазнийн  хьоста » ц1е
йолу  цхьаьнакхетар д1адахьарца доьзна ду.               

      Шун  хьовса таро
хир  ю ______________дешархоша    шайн  нохчийн  меттан  хазалла, Даймахке, къоман
 г1иллакхашка    йолу   марзо  йовзуьйтуш д1ахьучу цхьаьнакхетаре  .

Тахана кху хазачу
цхьаьнакхетарехь дешархоша йоьшур ю нохчийн маттахь байташ, йовзуьйтур ю шайн
тоьлла нохчийн маттах лаьцна сочиненеш, зевнечу аьзнашца д1алокхур ю эшарш, 
гойтур ду нохчийн  хелхар, иштта х1иттор  ю цхьацца забаре а, драматически а
сценкаш.

     Дукха ю вайн
къоман поэташа ненан мотт, Даймохк, дайн г1иллакхаш  хестош язйина байташ.
Х1инца вайн таро хир ю дешархоша шайна хазахеташ къастийначу байташка ладог1а:

   2-3 кл.- _________

____________________

____________________

«Ненан мотт»
Рашидов Ш.

Доккхачу лаьтта
т1ехь
Хазалла лоьхуш,
Сада1ар дицдина
Еттарх а йорт,
Хьегаран хьу елла,
Шена т1евоьхуш,
Хиллера ц1ийх боьлла
Сан Ненан мотт.

Зезагийн лесторехь,
Техкарехь диттийн,
Къайленаш соь юьйцуш
Ловзарехь х1орд,
Ладоьг1ча шабаршца
Бешарчу ниттийн,
Соь ницкъ лург хиллера
Сан Ненан мотт.

Иллига бирзича
1енадеш б1аьрхиш,
Делхадеш, ловзадеш
Кийрара дог.
Кхолабеш, юха а
Къагабеш б1аьргаш,
Серло лург хиллера
Сан Ненан мотт.

Диканехь я вуонехь
Дош ала дезча,
К1орггера ян воьлча
Хиллачийн чот,
Эхь, иман я г1уллакх,
Доьналла эшча,
Хьекъал лург хиллера
Сан Ненан мотт.

Вахар а х1ун оьшу
Цунах д1ахаьдча?
Бицбина вехаш верг
Ю яьсса ботт.
И саннарг карор бац
Мел дукха лехарх,
Даймехкан дозалла
Сан Ненан мотт.

1-ра
д1ахьушверг:
Ненан эсалчу
аганан иллин дешнашца хеза берана  дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен
ненан мотт. Мехала ду Нохчийн Республикан куьйгалхочо аьлла дешнаш: « Вешан
дай санна,нохчий хилла диса дезаш ду вай а. Вайн  наноша уьншерийн оьмарера
таханлерачу дийн кхаччалц кхиош  хилла къонахий кхиоран раг1 вайна т1екхаьчна.

  И къонахий
кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен
аьхначу маттахь дуьйцуш.

  Дас халонаш
лан, осалниг емалдан, г1ийлачун г1о лаца кечван веза шен во1.

  Иштта вайн
нанойн масалш т1ехь  кхио беза мехкарий а. Ненан ховхачу маттаца и дан таро ю»

( «Даймохк»
эшар)

2-г1а
д1ахьушверг: Нохчийн мотт беха сан сица,

                                           
Нохчийн мотт язло сан ц1ийца…

                                              Сан
бакъо ю иза бийца,

                                              Амма
яц бакъо и хийца!..

  Ткъа х1инца
нохчийн маттах лаьцна Ахмадов Мусан байташ д1айоьшур ю 8-чу классан дешархоша: ___________________________

    Нохчийн
мотт

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам.

Генарчу шахьаршкахь шелло,

Ца хезаш вайн меттан аьзнаш.

Даймахках хьоьгуш, са гIелло,

Хийрачу мохо веш аьшнаш.

Нохчийн мотт – хьо сина
гIортор,

Хьоьца ду тхан хилларг,
хиндерг…

Лар яйъа милла а гIортарх,

Лар йовр яц – тIулга тIехь
йитнарг.

Хьан аьзнаш, – шираллин
хьаьркаш,

ХIорангахь – эзарнаш шераш.

Ма гойла дIадовлуш, даьржаш,

Хьан къайле ястаза дешнаш!

ДIаэца, ма байта доьза,

Iалашбеш, сийде вайн меттан!

Нохчийн мотт мел беха хьоьца,

Чиркх хир бу дайн корехь
летта.

Кхераме дац хьуна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт хьоьца мел беха,

Онда бу хьан лаьттан орам.

1-ра д1ахьушверг:

Сайн ненан маттахь ас язйо

Сайн хIора Iуьйренан назма.

Сан дахар цу матто хаздо –

Хир яц-кха цул йоккха хазна.

Ткъа  х1инца
вайна «Нохчийн мотт- сан аганан илли» ц1е йолу шен сочинени д1айоьшур ю ………

2-ра
д1ахьушверг:

Вайн ненан мотт
вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширачу заманахь дуьйна баьхначу
вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Эвтврхойн Ахьмада, Таймин
Биболата, Адин Сурхос. Цу  маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина Бадуева
Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада,Мамакаев 1арбис, Джамалханов
Зайндис, Арсанукаев Шайхис, Бексултанов Мусас, Ахмадов Мусас и. д1.кх.а.

Ткъа х1инца вай
таро хир ю  9-г1ий, 10-г1ий, 11-г1ий классашкарчу дешархоша « Нохчийн маттахь,
нохчийн махкахь» ц1е йолу Ахмадов Мусан пьеси т1ехь х1оттийначу спектакле
хьовса.

(
Къона поэташ гулло «Орга» альманахан редакцехь)

Са1ид
Гацаев
. К1ентий, ладог1ал ас язйинчу байте:

                                                                          
Г1атта, ека сийна 1уьйре,

                                                                 
Хаза ойла кхайкхае.

             Хьуьнчохь кхокха хилла хьере,

                                                                          
Г1атта ека сийна 1уьйре,

                                                                   Хаза
ойла кхайкхае.

М.
Дикаев
. Гуттар а и б1аьсте, массо х1ума а сийна.
Хьайна а ца к1ордадо хьуна иза.

Са1ид
Гацаев
. Б1аьстенах лаьцнарг ца магахь, 1аьнах 
лаьна а ю-кх шуна.

1а,
хьо шийла 1а,

Хьо
ма г1ийла 1а.

Ло т1е
доьттина,

Арахь
х1оьттина.

М.
Дикаев
. Дукха атта язйина.

Са1ид
Гацаев
. К1ентий, хийла буьйсанашкахь наб ца еш,
кхаьчна со оцу атталле… Хьуна моьтту атталла яц иза. Чолхаллехула чекхъяьлла
атталлла ю.

Кибиев
Мусбек
. Со кхета хьуна ахь дуьйцучух. Иштта хьаьдда
йоьдучу говран болар гойтуш ю хьуна ас язйина х1ара а:

Говро
корта

Бадийна,

Чок,
чок, чок, чок,

Чок,
чок, чок.

М.
Дикаев
. Говр улло йоьдуш хилча иштта сацийча мегар
ду, амма хьо Ведана кхаччалц говрахь вахар гайта г1ертахь, цкъа сборник
чекхъяьллалц яздан дезар ду хьан и «чок–чок–чок-чок».

(Массо
а воьлу
)

Я.
Хасбулатов
. Г1овг1анаш ма е. Хьеший бу кхуза бог1уш.

С.Гацаев.
Х1ун хьеший?

Я.Хасбулатов.
Х1инцца хуур ду шуна.

(Раиса
Ахматова а, Ирина Озерова а чуйог1у).

Р.Ахматова.
Здраствуйте племя младое, но уже знакомое.

Къона
поэташ
. Де дика дойла хьан Раиса Солтмурадовна!

Р.Ахматова.
Де дика дойла! Ирина познакомься ну вот наши молодые поэты:

Магомед
Дикаев лирик до мозга костей. Его хвалили и Тихонов и Твардовский, в Москве, на
совещании Кибиев Мусбек поэт-философ. Саид Гацаев певец весны. Наш Есенин,
Хасбулатов Ямлихан… Хороший тоже… поэт! Хороший.

М.Дикаев.
Тхуна хьайн накъост а йовзийтахьа…

Р.Ахматова.
Да…да…конечно…Знакомьтесь моя переводчица Ирина Озерова… Дика адам ду…хороший
человек и хороший поэт-переводчик…

Нохчийн
дукха безаш… Любит чеченскую поэзию. Ирина прочти… Свой последний перевод…

Ирина.
Какое стих-е? Может «Доброту»…

Р.Ахматова.
Да–да–а! «Прочти «Доброту».

(И.Озеровас
йоьшу стих-е).

Пусть
славится вовеки доброта…

Не
доброта бездумного терпенья,

Не
доброта слепого всепрощенья,

А
доброта зеленого листа,

Дороги
дальней, позднего костра,

Глотка
воды, куска ржаного хлеба…

Но
пусть темнеет доброта, как небо,

Когда
греметь грозе придет пора.

Чтоб
защитить добро себя могло

От
засухи блаженного покоя,

Пусть
доброта готова будет к бою,

И
лишь тогда она повергнет зло!

М.Кибиев.
Прекрасное стихотворение! т.е. прекрасный перевод.

М.Дикаев.
Раиса Солтмурадовна, ахь а ешахь цхьаъ, нохчийн маттахь.

Р.Ахматова.
Нохчийн маттахь… товш ма дац… Иринина хьалха… Дика оьрси ю шуна х1ара… Иза
кхетар ма яц…вайн маттахь ешча.

М.Дикаев.
Х1умма а дац Ирина Ивановна послушает музыку, чеченской речи.

И.Озерова.
О чем речь?..

М.Дикаев.
Мы просим Раису Солтмурадовну прочитать стихотворение на чеченском языке…

Ирина
Ивановна, вы же не возражаете…

И.Озерова.
Рая, надо уважить просьбу молодых.

Р.Ахматова.
Но если   так, прочту одно… Задерживаться нельзя, нас ждут в Обкоме партин…
Цхьаъ оьшур ю.

К1айчу
декхнийн

1индаг1ашлахь

Ойланехь
цхьа

Лела
со.

Цхьа
к1айн марха

Техка
стиглахь,

Г1ург1аз
санна

Х1орда
т1ехь.

Сайн
дагахь ас,

Буьхьар
х1уттий,

И
к1айн мархаш

Лоцу
схьа.

Уьш
марахь ас

Эвла
яьхьна,

Берашна
д1а

Йоькъур
ю

Лоллур
ю д1а

Ас
сайн г1айг1а,

Мохе
яьлла,

Лаьттар
ю.

Бераш
ловзуш,

Самукъадаьлла,

Со а
цаьрца

Ловзур
ю.

Царна,
дог сайн

Парг1атдаьлла,

Эзар
ловзар

1амор
ду.

…К1айчу
декхнийн

1индаг1ашлахь

Ойланехь
цхьа

Лела
со…

М.Дикаев.
Ма аьхна байт яра иза!

(Ирине)
Ну как вам звучание чеченской речи?..

И.Озерова.
Очень мягкое, приятное.

С.Гацаев.
Это потому что автор так красиво прочитала…

Р.Ахматова.
Баркалла. Надо идти… Ирина, нас ждут в Обкоме партии. А вы дорогие наши молодые
поэты, больше внимания человеку труда… О любви, о природе, конечно, надо писать.
Но нельзя забывать народ, его чаяния, заботы, мысли. Дерзайте! Мила ву тахана
семинар еш?

Я.Хасбулатов.
Мохьмад Мамакаев.

Р.Ахматова.
Хороший поэт и прозаик. Жимма оьг1азе ву. Шен амал йолуш. И х1умма а дац… В
основном хороший. И х1инца схьавог1ур ву шуна тхойшиъ йоьду! 1одика йойла.

И.Озерова.
До свидания, может потом увидимся.

Р.Ахматова.
Да, да, да, потом, потом, идем, идем…

(Д1айоьду)

С.Гацаев.
Валлах1, Мохьмад, хьо 1иэн-м ца 1ий!

М.Дикаев.
Муха ца 1ий?

С.Гацаев.
Цуьнга нохчийн маттахь байт ца йоьшуьйтуш, ца 1ий-кх…

М.Дикаев.
Дика ца йийшира цо?

С.Гацаев.
Дика йийшира…

М.
Дикаев
. Х1инца цхьаболчара эладитанаш а дуьйцур
дац, Раисина нохчийн маттахь еша а, яздан а ца хаьа бохуш.

Я.
Хасбултов
. Мохьмад ву вог1уш. Де дика дойла хьан
Мохьмад.

Массара
а
. Де дика дойла.

М.
Мамакаев
. Далла дезийла. Схьадаьхкиний  шу.
Охьаховшал, охьаховшал.

Стихаш
т1ехь болх бирий аш?

Массара
а.
Х1аъ, х1аъ.

М.
Мамакаев
. Иза дика ду. Х1инца ладуг1ур ду вай, аш
керла язйинчу стихашка. Дуьххьара хьан йоьшу?

(Тийналла
х1утту
)

С.
Гацаев
. Кхин еша лууш стаг вацахь, ас йоьшур ю.

М.
Мамакаев
. Ешал ахь.

С.
Гацаев
.И цхьа аьзнаш,

                  
И цхьа зевнаш б1аьстенахь,

                  
Заза даьлла

                  
Дерриг дуьне лестинехь.

                 
 Можа зезаг,

                  
Можа зезаг бацалахь,

                  
Соцало-кха

                  
Кхин ца лесташ, сацалахь.

                  
Хиш ду хьоьвдда,

                  
Хиш ду доьвдда шайн ма-ттов.

                  
Яьлла царна

           
       Х1инца довда парг1ато,

                  
Лаьмнийн эшарш

                  
Охьакхехьа аренга,

                  
Нуьре лепа,

                  
Кхечка маьлхан серлонгахь.

                  
И цхьа аьзнаш,

                  
И цхьа зевнаш б1аьстенахь–

                  
Дог теде ахь, дог теде ахь,

                  
Хьайна техь.

                  
Дависа-кха,

                  
Дависа-кха, дависа! –

                  
Нохчийчоьнах

                  
Мерза эшарш яха-кха.

М.
Дикаев.
Юха а б1аьсте!

М.Мамакаев.
Ша-тайпа, дика стих ю. Б1аьсте санна хаза а ю. Кхечо ешал.

Я.
Хасбулатов
. Ас еша мегар дуй?

М.
Мамакаев
. Мегар ду дера. Ешал Ямлихан.

Стаг
хила ваьллехь хьуо ара,

Шийла
мох хьовзорах арахь,

Хьо
новкъахь дохко а валий,

Хьо
юха ма хьежахьара, –

Бехарий
нанас.

Атта
а мерза а дезна,

Юкъехкар
ца дезаш арахь,

Хьайн
йоцчу ижонна тебаш,

Йовсарех
ма тарлахьара, –

Баьхнерий
нанас.

Махкана
хазна а йоккхуш,

Г1енах
а гуш цуьнан г1аларт,

К1енташа
лекха дукъ доккхуш,

Хьо
юьстах ма латтахьара –

Баьхнерий
нанас…

М.
Дикаев
. Оригинально!

М.Мамакаев.
Хорма ша тайпа йолуш, дика стих ю. Ешал кхечо.

М.
Кибиев
. Ас йоьшур ю «Ирс»

Денна со т1ехьоьхуш шена,

Сан ирс дедда доьду гена.

Де мел дели долу гена,

Кхочуш анайисте хенан.

Адман лаам бу т1ехь боккха,

Цо со шена т1аьхьа воккху.

Г1улч йоккхуьйтуш шишша–кхоккха,

Доза доцу ирс ас лоьху –

Ирсо денна шена воьху.

Ткъа ирс хьаха хилла соьца,

Х1ора дийнан марзо оьцуш.

М.
Дикаев
. Дуккха к1орче ю,  со-м т1аьхьа ца кхуьу.

М.
Мамакаев
. Ц1архо, хьо массарна а, мах хадош ма ву.
Ахь ца йоьшу тахана?

М.
Дикаев
. Йоьшу.

М.
Кибиев
. Х1инца кхо шеен дог дуьйцур ду хьуна. Шен
доккха дог.

М.
Дикаев
. Х1ан–х1а, тахана дог дуьйцур дац ас.

Туркойн махка г1ийла лелла,

Винчу юьрта со вог1уш ву

1уьйре юлуш, лам т1е вуьйлуш,

Сан дай баьхна юрт лоьхуш ву.

Х1унда лоьху ас ширделла

Берахьлера сурт?

Хьо хазъелла, хийцаелла,

Сан дай баьхна юрт.

Х1унда вог1у, со къежвелла,

Лаха ненан чурт.

Х1унда суна хьо хазъелла,

Сан дай баьхна юрт.

Нехан махкахь 1алур доцуш,

Ломан кийрахь сан дог ма ду.

Т1емаш доцу леча санна,

Даймохк боцург ма г1ийла ву.

(тийналла
лаьтта
)

М.
Мамакаев
. Кхин-м ца йоьшу цхьамма. Тахна аш мел ешна
стихаш суна тайна. Цхьа а вовшех тера воцуш, шен-шен некъ болуш ву. Аш массара
асчул дика язйо. Амма цунах кураллаш ма е, дуьненан поэзин лакхенаш дукха лекха
ю.Цига кхача г1ерта деза шу а. Окуев Шимас лаьмнех лаьцна дукха язъяр, я
Гацаевс б1аьсте дукха йийцарх, я Сатуевс юьртахойн 1ер-дахар т1е тидам
бахийтарх, я сан ц1архочо Дикаевс шен дог хьехадарх х1умма а дац. Коьртаниг
стенах, я хьанах яздо бохург дац, коьртаниг муха яздо бохург ду.

 
Тахана шаьш кху чохь язйина стихаш редакцехь йита, рог1ерчу «Оргин» номерехь
арайоьвр ю шуна уьш.

 
Х1инца шу мукъа ду. Ши к1ира даьлча юха а кхузахь вовшахкхетар ду вай,
доьг1нехь.

Массара
а
. 1одика йойла, 1одика йойла.

(Къона
яздархой, арабовла, д1абуьйлало
)

2- д1ахьушверг:

Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзунийн баннашна лулахь
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли.
Декара, дог хьоьстуш довха,
Сан нохчийн маттара илли.

 Х1инца вайн
кегийчу зезагаша кечйинчу  хелхаран кийсаке хьовса вай?..

1-   
ра д1ахьушверг:  

   Массо  аг1ор  бийца, хесто таро  ю  вайн   вешан  
ненан  мотт. Мел хаза , исбаьхьа  ду  Ненах, Даймахках лаьцна долу вайн
иллеш,эшарш!  Царах цхьадерш тахана шайн зевнечу аьзнашца  вайн  дешархоша
довзуьйтур ду вайна. Ладог1а Даймехкан мукъамашка…

(  « Доттаг1а»)

2-   
г1а
д1ахьушверг:

  Вайн халкъан
иесехь бисинчу хиламех цхьа башха хилам бу, Ширди-Махкахь ваьхна а волуш, дешна
1еламстаг, масла1атан да хилла а волчу Махьмудан Мохьмадан хьокъехь. Стаг вийна
дов хилла, цадоьрзуш шерашка даьлла. «Хьо ваг1ахьара, Мохьмад, масла1ате, дерза
туьгуш дац-кх х1ара х1ума» аьлла, наха дехарца вигина хиллера Мохьмад. Х1ара
хьалха а волуш, х1орш вийначу стеган нахана т1ех1иттинчу заманчохь, «шайга стаг
вита аьлла даьхкина шу?» аьлла, церан наха юьхь т1е туйнаш туьйхира бохура Мохьмадана.
Са а тоьхна, кхин совдаьккхина х1ума а ца олуш, шен юьхь т1е куьг хьаькхна
туйнаш д1а а даьхна, «Детта аш х1ара туйнаш. Шу тахана х1орш детта ду, тхо
х1орш д1адаха бен дац» аьлла хиллера Махьмудан Мохьмада. Оцу меттехь наха и
пхьа битина а хилла. И бу-кх нохчийн мотт, шен дашо ц1окъболатал ч1аг1делла
дегнаш даьстина болу.

Г1ийла ву-кх шен къоман маттаца йолу
з1е хаьдда я уьйр малъелла стаг! Шена шен маттахь 1оттар йича а, я ловц боккхуш
хастам бича а кхетар вац и. Цу тайпанчу стагаца вистхуьлуш — хьуна хьуо мотт ца
луьйш хета, я хьуо д1алуьйшверг къора хета.
 
Делахь а, кхин цхьа х1ума а ду. Цхьа
а лазам бац тахана бийца ца луучо а, цабезачо а нохчийн мотт ца бийцар, я и ца
1амор. Нохчийн мотт нохчаша бийцина бу, нохчаша буьйцуш кхид1а д1ахьур болуш а
бу, кешнийн хьаьрма, эхарта кхаччалц. Нохчий болчу нохчаша! Нохчийн мотт д1а а
бер бац! Цунах тешаш мел ду нохчий а хир ду-кх вай, Дала мукъ лахь!
 

Везачу Дала хьекъал а, собар лойла
вайна, вайн дайша дитина кост-весет ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар
кхочушдан. Аллах1а шен къинхьетамах ма дог1ийла вай.

Сценарий ко Дню чеченского языка «Мотт- къоман са» 6-11 класс

Ненан меттан Денна лерина цхьаьнакхетар

Ц1е: «Цо досту къайленийн дог1а… »

1алашонаш: 1.Ненан меттан сийлалла, цуьнан исбаьхьалла йовзийтар,

нохчийн меттан, литературин хаарш алсамдахар.

2.Дешархойн Даймахке а, шайн матте а болу безам

лакхабаккхар,иза хаа а,1амо а болу лаам т1еч1аг1бар;

3.Ненан меттан, Даймехкан сийдар, дайн оьзда г1иллакхаш

лардар х1ораннан декхар хилар довзуьйтуш, дешархошца

кхетош-кхиоран болх д1абахьар.

  1. Цхьаьнакхетар д1адахьар.

 1-ра д1ахьушверг:

2-г1а д1ахьушверг:

 3-ра д1ахьушверг:

4-г1а д1ахьушверг:

1.Нохчийн къоман хелхар.

II. Хьехархочун дош.

Де дика хуьлда шун массеран а!

Уггар хьалха суна даггара декъалдан лаьа шу массо а Ненан меттан Денца…

Вайна массарна а хууш ду, х1окху оханан (апрель) беттан 25-г1а де, вайн мехкан куьйгалхочо Р. А. Кадыровс, Ненан меттан Де ду аьлла, д1акхайкхош, арадаьккхина указ хиларца билгалдаьлла хилар. Доккха совг1ат хилла д1ах1оьтти и дерриге къомана. Массанхьа: радиохь, телевиденехь, дешаран хьукматашкахь — д1ахьуш самукъане цхьаьнакхетарш ду.Цунна лерина вайн Дешаран Центрехь д1ахьуш ю нохчийн меттан йиллина урокаш, тайп- тайпана къийсадаларш, нохчийн яздархошца а, 1илманчашца а классал арахьара цхьаьнакхетарш .

1-ра д1ахьушверг:

Де дика хуьлда шун !

2-г1а д1ахьушверг:

Марша дог1ийла шу а тхан лераме хьеший!

3-г1а д1ахьушверг:

Тахана иштта хаза,самукъане кху чохь вай гулдаларан бахьана Ненан маттана лерина ду.

4-г1а д1ахьушверг: Сил дукхаезачу ненан ц1арах шен ц1е х1оьттина болу ненан мотт хьехочехь муха хир дац самукъане?!

1-ра д1ахьушверг: «Муьлххачу къоман коьрта билгало ю цуьнан мотт. Мотт боцуш къам хила йиш яц. ХIунда аьлча, маттаца хьаьрчина дохку хIора къоман гIиллакх-гIуллакх а, оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а.

2-г1а д1ахьушверг: Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, цуьнца ю вайн къоман историн лараш а.

3-г1а д1ахьушверг: Тахана Цо досту къайленийн дог1а…» ц1е йолчу х1окху вайн цхьаьнакхетарехь , шун хьовса таро хир ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Дешаран Центран дешархоша нохчийн меттан хазалла, Даймахке, къоман г1иллакхашка шайн йолу марзо йовзуьйтуш, д1ахьучу балхе.

4-г1а д1ахьушверг: И дерриге а довзуьйтуш, дешархоша йоьшур ю нохчийн маттахь байташ, шайн мукъамечу аьзнашца д1алокхур ю эшарш, гойтур ду нохчийн хелхар, ткъа уггар мехалниг хир ду — «Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу халкъан дийцаран бух т1ехь 10-11 –г1ий классийн дешархоша х1оттийна кийсак.

 1-ра д1ахьушверг: Ларамза дац тахана 11 классан кегийрхоша Умхаев Хьамзатан дешнаш буха т1ехь даьккхина «Нана-Нашха» ц1е йолу илли кечдар.

2-г1а д1ахьушверг: Хууш ма-хиллара, 2019 шо вайн мехкан куьйгалхочун омрица Галанч1ожан к1оштан ду аьлла д1акхайкхина ду. И боккха кхаъ бу дерриге а къомана, х1унда аьлча, нохчийн къоман массо тайпа а, тукхам а цигара схьадаьлла олуш ду.

 1-ра д1ахьушверг: Дика а, вуон а, мехкан кхел а цигахь кхайкхош хилла бохуш дуьйцу. Цундела, вайн къоман истори меттах1оттаян а, и исбаьхьа меттигаш т1екхуьучу т1аьхьенна йовзийта а яьккхинарг йоккха г1улч ю.

2-г1а д1ахьушверг: Ладог1а «Нана-Нашха» ц1е йолчу иллига.

3 – г1а д1ахьушверг: «Мотт ойланан дег1 ду» — олуш ду вайн,ткъа и ойла нийса ян,кхеташ хила веза,х1уманах нийса кхетам хила беза.

4-г1а д1ахьушверг: Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто,цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а. Шен ненан маттахь ечу ойлано ларво стаг массо вочух.

3-г1а д1ахьушверг: «Вайн мотт бу Iаламал чIогIа,

Хьекъале цо йоьгIна лард,

Доккху цо къайленийн догIа,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт».

4-г1а д1ахьушверг: Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг къоман меттан оьзда а, ц1ена а, лараме а дош ду. Х1инца ладог1а дешархоша шайна хазахеташ къастийначу байташка :

Ненан маттах лаьцна байташ

«Ненан мотт» Абубакарова Пет1амат

Хьан боху нохчийн мотт дашна бу къиэн?!

Муьлха а ойла цуо ялхайо говза.

Йиш яц вай д1атесна ненан мотт 1иэн,

Цуьнций бен хир дац къам дуьненна довзар!

«Ненан мотт» Махмаев Жамалди

Лаьмнашкахь малх кхетча,

Дуьйлало хиш,

Б1аьстено къагадо

Со вина латта.

Эзарнийн озаца ас лоькху йиш

Сайн ненан маттахь!

Сан меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Стаг вац со,

Шун аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

1амийнарг: «Нана»-

Сайн ненан маттахь!

Г1елбелла ненан мотт,

Ца оьшу кхин,

Аьлла шайн

Нийсархо г1аттахь,

Алалаш цуьнга:

«Хьан дайна сий», —

Шайн ненан маттахь!

Карадац дешнаш,

Карадац аз

Д1ах1отто

Исбаьхьчун метта.

Цундела хестабеш,

Сий дийр ду ас

Сайн ненан меттан!

1-ра д1ахьушверг: Нохчийн мотт –иза нохчийн къоман аз ду, къоман илли , назма ю, къоман культура, литература, искусство кхиоран коьрта хьоста а ду.

2-ра д1ахьушверг: Мотт, духар, г1иллакхаш къоман сибат ду.И сибат лардеш верг ийманца ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву.

1-ра д1ахьушверг: Х1инца вайн хьовса таро хир ю 10-чуй, 11 -чуй классан дешархоша, «Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу вайн халкъан дийцар буха т1ехь кечдинчу исбаьхьаллин суьрте хьовса.

«Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу дийцаран кийсак.

НЕНАН БIАЬРХИШ

(Нохчийн хьалкъан барта кхолларалла)

Дакъалоцурш:

Автор-

Да-

Нана-

К1ант-

Доттаг1ий-

Воккхастаг –

Пондарча- ……..

Цхьалха цхьа кIант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш Iалашвора цара шайн кIант.

КIант кхиъна ваьлча, ломахь гIарабаьлла дика динний, нуьйран гIирссий, тIемалочун барзаккъий кечдира дас-нанас шайн кIантана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, цIера ара-м ца волуьйтура цара иза.

Цхьана дийнахь юьртара кIентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу кIантана а лиира цаьрца ваха.

Дений, нанний тIевеъна цо элира:

– Со а вахийтийша юьртарчу кIенташца дуьнене бIаьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала, Iуьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, догIано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара Iуьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, гIелашна сагатделла сира сай гIергIаш ладогIа, Iаннаш, даккъаш декош, мацалла угIучу барзе ладогIа… Вахийтийша со кIенташца дуьнене бIаьрг тоха.

– ХIан-хIа, кIант ма гIолахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Юьртара кIентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу кIант висира кхерчан а, цIийнан а гонах хьийза.

Цхьа хан яьлча, юьртара кIентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний тIевеъна, кIанта элира:

– Со а вахийтийша кIенташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечанан ирачу мIараш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш дIа-са яржош, и кура леча чудаийта, лечанан мIарех кIелхьара даьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу Iарчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна дIакхарстийна сийна бIаьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха тIехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе бIаьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дегI лардеш пха тоьхна, маьIах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема хIума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса х1ума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу бIаьргашчу хьаьжна, хьаьстина, иза дIахеца, къизчу иччархойл дукха дуьнен чохь къинхетаме нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со кIенташца экханна талла.

– Ваха пурба дац хьуна, кIант, ма гIолахь! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели-кх хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Корта охьаоьллийна дIавахара кIант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура кIант.

ЦIеххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостагI ву тIегIерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо. Юьртара кIентий, къонахий кечбелира мостагIашна дуьхьал бовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира гIагI дегIе а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, кIентан да а вахара мостагIашна дуьхьал, шен кIантана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а.

Шел хьалха дIакхаьчна, могIаршца тIаме хIиттина тIемалой карийра цунна. Къаьстина чIогIа тIом беш вара цхьа цавевза тIемало. Юьхь тIеоьзна зIенийн цхар, тIедуьйхина болатан барзакъ, мостагIийн декъех саьлнаш хIиттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.

– Мила ву и чIогIа тIом беш волу тIемало? – аьлла хаьттира воккхачу стага дас.

– Иза хьан кIант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика кIант кхийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира тIемалоша.

Амма хала дара и кIант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостагIаша. Массо а цхьаъ санна цхьаний тIелетира уьш оцу турпал кIантана. Вуьйжира кIант. Велира турпал. ТIаккха тIетаьIира ламанхой мостагIашна. ХIаллак бира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу тIеман арахь мостагIийн…

ГIоьмукъех, таррех барма а дина, тIе верта а тесна, ларвеш цу тIе а виллина, ваьхьира тIемалоша кIант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кетIа… Болатан гIагI малхехь къегаш, кхачабеллачу баттах тера йолчу юьхьа тIера сирла нур гIуьттуш.

– ХIей, вежарий! Собарделаш! – элира кIентан дас. Севцира нах. Вистхилира кIентан да:

– Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац кIентан нене хIара ирча кхаъ дIахаийта… Со кхоьру хIокху кхоо нана а ерна… Вац шуна юкъехь маттана говза, нене кIант валар дIахаийта?

Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, дIатийра къонахийн тIемалойн тоба. ГIеххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.

– Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца кIант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага.

Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира кIант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, гIайгIано кортош охьаохкийна лаьттачу тIемалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу тIемалочун дакъа…

Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу кIант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… ЦIеххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гIергIар хазийра, лоьман цIийзар, берзан угIар хазийра. Цуо дуьйцура кIант-тIемало мел майра, доьнал долуш кхиънера. ТIаьххьара а, тIеман герзаш вовшах детталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостагIий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, тIеман марсаллехь майрачу кIантана тIера барзакъ болатан гIовгIанца декаш санна… Цуо дуьйцура кIант-турпал мостагIехь мел майра летта, цуо уьш муха хIаллакбина. ТIаьххьара цхьа сирла цIена аьзнаш гIевттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан зIаьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх…

Боьлхура пондар, тийжара пондар.

ЛадоьгIура кIант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьтта тIемалой. Кхийтира нана… Бармахь Iуьллург кхуьнан кIант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостагIех. Дуккха а хIаллакбинера цуо уьш. Веллер ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. ГIайгIане цуьнан йиш…

Боьлхура пондар. Тийжара пондар…

Довха бIаьрхиш хьаьвдира ненан бIаьргех…

Къора узарш деш бекачу пондарна тIетевжира кIентан нана.

Боьлхура пондар, йоьлхура нана…

Мацца цкъа нана тIера дIаайелча, цецах санна Iуьргаш девллера пондаран уьн тIе. Ненан довхачу бIаьрхиша дагийнера иза. Кхин а чIогIа гIарабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула дIаоьхура цуьнан аз. Цуо хIинца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу гIайгIанах, къахьонах, балех.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

ДегI нисдеш, айаелира кIант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:

– Со къинтIера ели хьуна, сан кIант!

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша…

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

– Аса декъалво хьо, сан кIант! – мохь туьйхира нанас.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

Оьгура ненан бIаьргех довха бIаьрхиш… сийлахь латта а дашош!

3-г1а д1ахьушверг: «Мотт — иза халкъ латтош болу, цу халкъан синпха бу. Бакъдолу нохчалла цуьнгахь латтош берг а мотт бу».

4-г1а д1ахьушверг: 1илманчаша билгалдаьккхина ду нохчийн мотт гуттар а ширачу меттанех цхьаъ хилар.Масийта б1е,эзар шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина дешнаш,кхин цхьацца йоза хиларан билгалонаш.

3-г1а д1ахьушверг:

Массо аг1ор бийца, хесто таро ю вайн вешан ненан мотт. Мел хаза , исбаьхьа ду Ненах, Даймахках лаьцна долу вайн иллеш, эшарш! Царах цхьадерш тахана шайн мукъамечу аьзнашца вайн дешархоша довзуьйтур ду вайна.

Ладог1а Даймехкан мукъамашка…

Йиш «Даймохк»

1-ра д1ахьушверг:

Везачу Дала хьекъал а, собар лойла вайна, вайн дайша дитина кост-весет ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар кхочушдан. Аллах1а шен къинхьетамах ма дохийла вай. 1одика йойла шун!

2-г1а д1ахьушверг: Тахана ненан маттах хиэраваьлларг, кхана херлур ву шен халкъах, Даймахках, эзарнаш шерашкахь къомах къам дина схьадаьхкинчу г1иллакхех.

План-сценарий мероприятия «Нохчийн мотт –
сан дозалла», приуроченного ко Дню Чеченского языка

для обучающихся ГСВУ МВД России

Дата
и время проведения: 25.04.2021 г. в 15.30

1алашо: вайн
мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу
къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан  хадийна лакхара мах
бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

Цхьанакхетар
д1адахьаран кеп:

Видеоролик «Нохчийн маттах дош. Хабаев
Исмаил»

Дауд:

Аганан иллица со  вижош, Нана,
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь
Т1аьххьарчу т1аьхьено хестабеш кхана
хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь

Раджаб:

Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьехархой,
хьомсара накъостий!

Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина
ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а
хилар.

Иштта довзуьйтур ду,
вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

 Дауд:

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза
де лерина ду. Иза билгалдаькхна вайн Президента Кадыров
Р.А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указца.

Нохчийн Республикан Конституцин 10-г1а статья т1аьхь а
яздина ду:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн
а, оьрсийн а меттанаш…»

Раджаб:

Вай долчу
хьошалг1ахь ву…….
нохчийн
яздархо, поэт
, публицист, историк Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович 

Вай х1инца вайн хьеше
дош лур ду………….. хьоьга   дош
ло

Дауд:

Х1ун
хир ду ненал  сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна
дийшош,  хазачу мукъамехь илли олуш,  дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

  
Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьлличахьана оьздангаллийца, майраллийца,
комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн
маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Мотт —
къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Раджаб: 

Вайн ненан мотт
вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна
баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата,
Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека, Нурадилов
Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас….

Дауд: 

Цу маттахь исбаьхьаллин хазна
кхоьллина вайна Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада,
Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев 1арбис, Дикаев Мохьмада, Хамидов Абдулхьамида,
Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев
1абдулхьамида…

Раджаб:

Дуккха а ю нохчийн
литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царах цхьаъ ю шен ненан матте
а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш, Айдамиров Абузара язйина йолу «Ненан
мотт» ц1е йолу стихотворени.

Иза д1айоьшар ю вайн
дешархоша___________

НЕНАН МОТТ


Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь
со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь
цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш
хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.

Цу
иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа сурташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар

Ненан
мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца
ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

Бекалахь,
ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

                                                                         А.
Айдамиров

Дауд:

Нохчийн мотт хаза а,
хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а.
XIX-чу
б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара
иштта аьлла вайн маттах лаьцна:

 «…Нохчийн мотт ч1ог1а
къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и
мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргара аг1онаш а йийцалур йолуш,
ч1ог1а хьалдолуш бу».

Раджаб:

Ткъа вайна массарна а вевзаш
а волчу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн
маттах лаьцна:   «Нохчийн мотт угаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу,
нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Дауд:

Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

                                                      «Аьрзунан
илли» 1абдулхьамид Хатуев.

Раджаб:

Адамаш
кхетош-кхиорехь а онда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1ама до вайна нохчийн оьзда
г1иллакхаш, ламасташ.

Диканехь
я вонехь

Дош
ала дезча,

К1оргера
ян воьлча

Хиламийн
чот,

Эхь,
иман я г1иллакх,

Доьналла
эшча,

Собар
лург хиллера

Сан
ненан мотт

Ткъа х1инца Нохчийн г1иллакхех, собарах лаьцна сценка гойтур ю вайн дешархоша

Сценка

Дауд:

Буьйцуш мотт боцуш халкъ
хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца
хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет,
ловзар-синкъерам, дика-вон  д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш
яц.  Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн
мотт, олуш ма-хиллара, баьрче баккха беза вай.  

      Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен
ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Раджаб:    

Ненан маттал хаза а,
сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца
таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

                    Хьешашка – оьзда,

                    Доттаг1чуьнга – мерза,

                    Мостаг1чуьнга – буьрса,

                    Захалонна – хаза,

                    Масла1атана – к1еда,

                    Берашка – эсала.

       Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу
цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Дауд:

Вайн цхьаьнакхетар д1адерзош
ладог1а луар дар цу тайпачу нахана йог1уш йолчу Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт»
стихотворенига.

Ненан Мотт

Доьзалехь
бийцар а дастама хеташ,
Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» —
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал
цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе,
оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш — ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза
бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш
хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн
х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Нохчийн майралла, оьзда хийла
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Сийлахьчу
Октябро шуьйра некъ белла,
Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду.
Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла,
Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу.

Кхидолчу
къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Ш. Арсанукаев

Раджаб:   

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза
к1оргера бовза,  г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна! Цу т1ехь
чекхдолу вайн цхьанакхетар. Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

                                         “Нохчийн мотт – сан дозалла»

                         ц1е а йолуш Беркат-Юьртарчу юккъерчу школехь

                      д1аяхьа леринчу тематически мероприятин сценарии.

(Сцена кечйина хила тарло х1окху дешнашца: «Ненан мотт, дайн г1иллакх лардеш, Лаха вай кху лаьттахь ирс!» Байн лакха болабо дечиг-пондар. Генарчу озаца еха байт).

       Йиш «Нохчийн мотт» д1алокху Абуева Хьавас.    

       Рашидов Ш. «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1аоьшу Вацаева Мадинас.

       (Цул т1аьхьа сцени т1е довлу и мероприяти д1ахьош долу к1ант, йо1).

К1ант:

Салам – маршала ду шуьга, тхан хьоме доттаг1ий:

Йо1:

Де дика хуьлда шун массеран а!

К1ант:

25-чу апрелехь вайн республикехь билгалдоккхур ду Нохчийн меттан де.

Цу хьокъехь НР-н Президентан Указ зорбане даьлла «Даймохк» газетехь.

Йо1:

Цу Указца Республикан лакхарчу 1едало гайтина нохчийн маттаца йолу шен юкъаметтиг: вай цуьна сий – пусар дан а деза, 1амо а беза, цунах билггал пачхьалкхан мотт хиларе кхача а деза.

К1ант:

Дезденош тайп-тайпана ду: лоьрийн, хьехархойн, б1аьхойн, студентийн, энергетикийн и др.кх.

Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан де?

Йо1:

Нохчийн мотт буьйцуш а, 1амош а и бийца лууш волчу х1оранна а дезде хилла

д1ах1отта деза иза, дуьненан муьлххачу маь11ехь вайн къоман стаг вехаш велахь а.

К1ант:

Оцу кхетамехь вай хилахь, и де билгалдоккхур ду х1ора х1усмехь, юьртахь, районашкахь, республикийн т1ег1анехь, дешаран а, культуран а ерриг учрежденешкахь а, организацешкахь а.

Йо1:

Адамова Т. язйина «Ненан мотт» байт 2005. №7. д1айоьшу Гачаева Л.

К1ант:

Х1инца вайна хезар ю къоначу йишлакхархочо Абуева Хьавас д1алокху «Ненан мотт» эшар.

Йо1:

Х1инца сцени т1е кхойкху вай «Захало» ц1е йолчу сценки декъашхой.

К1ант:

Муьллха къоман уггаре коьрта билгало, иза кхечу къаьмнехь къастош дерг, цуьнан шатайпалла гойтург мотт бу. Мотт-къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Йо1:

Хьалха заманчохь «мотт а, къам а» боху дешнаш цхьана маь1нехь лелаш хилла, 1илманчаша дийцарехь. Цо гойту мотт – къоман юьхь а, са а хилар.

К1ант:

Дуьненахь дехачу х1ора а къомана шен–шен мотт белла Дала. Къам кхечу къаьмнех къасточех коьрта билгало ю цуьнан мотт. М. Мамакаевс говза аьлла х1окху дешнашца ненан маттах лаьцна.

                   Шен ненан мотт халкъо

                   Сий ойбуш, 1алашбахь,

                   Цу халкъан парг1ато

                   Цхьаммо а хьошур яц.  

Йо1:

Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман оьздангалла, литература, искусство. Цундела муьлхха а мотт байча метта х1отталур доцу зен хуьлуш ду х1окху дуьненчохь дехачу массо а адамашна.

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Талаева Хьавас «Нохчийчоь» ц1е йолчу эшарца.

К1ант:

Нохчийн г1иллакхаш хаза ду, иштта и хаза г1иллакхаш шеца долуш вара 1имран. Ша йоца яьккхинчу хеначохь, шех ала дика дош бен ца дитина цо ша мел вевзачарна. Муьлххачу меттехь везаш т1еоьцуш вара 1имран. Ша кху ишколе вог1учу хенахь, вог1ура газеташ, журналаш а дохьуш. Дешархошна боккха кхаъ хуьлура 1имран гучуваьлча.

Ишколехь дуккха а ду «Стела1ад» а, иштта кхин долу а журналаш доьшуш долу бераш.

Йо1:

Воккхаверца схьаоьцура 1имрана бераша вовшах тийсина дешнаш а, цара дехкина суьрташ а, уьш юха журнала т1ехь зорбане а дохура.

Х1инца шен да дагалоьцуш язйина «Сан, Хьоме Дада.» ц1е йолу байт д1айоьшу Джанаралиева Имана.

К1ант:

Адамаш кхетош – кхиорехь а ондда г1ирс бу мотт.

Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна  нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ.

Цо 1амадо вай Дуьненан а, Адаман а хазалла йовза.

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Белабеш б1аьргаш,

Йовхо лург хиллера

Сан ненан мотт.

Айдамиров Абузара язйина «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1айоьшу Дохкуева Маккас.

Йо1:

Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг – стаг вац. Цунна шен къам цадезар а, цалар билгало иза.

Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1оргера ян воьлча

Хилланийн чот

Эхь, иман я г1иллакх,

Доьналла эшча

Собар лург хиллера

Сан ненан мотт.

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Хатаева Матас.

К1ант:

Х1инца Галагаевс яз1ина «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1аоьшур ю Эмбаева Матас

Йо1:

Х1инца оха шун тидаме юьллу «Дарба» ц1е цолу сценка.

К1ант:

Арсанукаев Ш. «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1айоьшу: Мачиева Хазмана.

Йо1:

Муьлхха а къоман уггаре коьрта билгало,  иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан ша-тайпаналла гойтург мотт бу. Шен мотт бицбина вахар-иза вахар дац.

К1ант:

              Ваха а ца оьшу,

              Д1ахаьдча цунах,

              Бицбина вехаш верг

              Ю еса ботт.

              И саннарг карор бац

              Мел лехарх хьуна.

              Даймехкан дозалла

              Сан ненан мотт.

Х1инца Саидов Б. язйина «Ненан мотт» ц1е йолу байт  д1айоьшур ю Вараева Матас, Асхабова Метис

Йо1:

Кибиев Мусбека язйина «Меттан сий» ц1е йолу байт д1айоьшу Ибрагимова Фаридас.

К1ант:

Нохчийн мотт уггаре а ширачех, хьалдолчарех цхьаъ хиларан тоьшалла до ширачу тептарша, вайн барта кхолларалло, генарчу хенийн дийцарша, турпалаллийн иллеша.

Йо1:

Оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочо Л.Н. Толстойс аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Шу тидаме юьллу оха «Набахти чу воллар сценка»

К1ант:

Кхузахь карладаха лаьа оьрсийн яздархочо К. Паустовскоийс маттах лаьцна яздина мог1анаш а: «Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац. Шен къоман матте бен доцуш хьоьжуш верг – акха ву».

Йо1:

Ахматов Ваха «Ненан мотт» д1айоьшу Турачева Маремас

К1ант:

Х1инца вай сцени т1е кхойкху къона йишлакхархой: Абуева Хьава а, Талаева Хьава а.

Йо1:

Болтукаев 1абдуллас д1айоьшу ша яйина «Даймахке безам» ц1е йолу байт.

К1ант:

Кхо х1ума ду х1ора къоман а, ша къам делахь, дуьненчохь даима цхьана хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Вайн дайша сий-пусар деш, ларбеш схьабеъна и таханлерчу дийне кхаччалц.

Йо1:

Тахана, х1окху чолхечу, къам юхадендаран муьрехь, вайн коьртачу 1алашонех цхьаъ нохчийн мотт ларбаран, иза 1аморан, кхид1а кхиоран, цуьнан сий-ларам лакхабаккхаран 1алашо ю.

К1ант:

Х1инца шуна хезар ду шолг1ачу классан дешархочун Бугаев Расулан забаре дийцар.

Йо1:

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Абуева Хьавас.

Цо д1алокху «Оьздангалла» ц1е йолу йиш.  

К1ант:

Адаман са санна, ларбан беза вайн къоман мотт. Мотт ларбахь, ларлур ду вайн къам а. Шен мотт хаар х1ора нохчочун декхар ду.

Йо1:

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1орггера бовза а ницкъ лойла вайна.

К1ант:

Х1инца вай сцени т1е кхойкху уггар къона а, уггар корматалла йолуш а йолу йишлакхархо  Абуева Хьава. Цо д1алокху «Къонах» ц1е йолу эшар.

Йо1:

Ненан мотт, — Хьо бека бисалахь

                                 Тахконза дисинчу аганна;

К1ант:

Ненан мотт, — Хьо хезчохь бисалахь

                       Ненан мотт мел безачунна;

Йо1:

Нохчийн мотт, — Хьо баха бисалахь

                           Нохчийн къам мел деха цуьнца!

К1ант:

Хьоме доттаг1ий! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьаьнакхетар.

Iодика йойла шун, марша 1ойла!

25 апрель-Нохчийн меттан Де. «Ларбе мотт, хазбе и …»

Вед.1-Де дика хуьлда ,тхан хьоме доттаг1ий.

Вед.2-Маршалла ду шуьга массаьрга ,х1окху дезчу дийне –Нохчийн меттан Дийне гулбеллачаьрга.

Вед.Дезденош тайп-тайпана ду :хьехархойн ,лоьрийн,студентийн иштта д1а кхин а.Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан Де?

Вед.Нохчийн мотт буьйцуш а ,1амош а и бийца лууш волчу х1ораннан а .Делахь х1ета ,массо а къоман.

Вед. Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс,,амал,г1иллакхаш. къомо шен мотт хьалаайбар ,цо шен синкхетам самабаккхар ду.

Вед. НР президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» -д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.

Вед. Тахана вай х1окху дезчу денца декъал дан баьхкина уггаре кегийра декъашхой-хьалхарчу классера дешархой.Ладог1ий вай цаьрга.?!

Хьехархо.Хьеший бовзийтар,царна дош далар. (журналист,поэт)

Вед. 1илманчаша дерриге а дуьненахь, кхо эзар сов къаьмнийн мотт лору.Нохчийн мотт-нохчийн къоман халкъан моттбу.

19-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хитар даржош даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу.Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш –уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш,ч1ог1а хьалдолуш бу»

Вед.Ткъа вайн г1араваьллачу яздархочо ,поэта Шайхи Арсанукаевс шайн «Ненан мотт» стихотворенехь аьлла хьекъале дешнаш.

9-г1а классерчу Дешархочо д1айоьшу байт Ш.Арсанукаев «НеНан мотт»

Вед.Цу хенахь дуьненан воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а ,хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу ,нагахь кхочуш дика иза хууш хьо велахь»Цо билгалдинарг мехала маь1на ду.

Песня: «Даймохк»

Вед. Нохчийн меттан хазалла а , исбаьхьалла а гойтуш язйина вайн яздархоша ,поэташа а Билал Саидовс,Абузар Айдамировс.,М.Мамакаевс иштта д1а кхиа.Х1инца цаьрга цхьайолчаьрга вай ладуг1ур ду.

Дешархо (под мелодию) «Со вина кавказан ломахь»А.Айдамиров.

Дешархо . Кибиев М. Ненан мотт.

Песня.

Рашидов Ш. Стих.ненан мотт.

Вед.Мотт ц1ена а, говза а буьйцучу стаге ладог1а ца к1орда до.Оцу адамех ву вайна массарна а хьомсара волу Зайнди Джамалханов.

Вед.Нохчийн къомах цхьа а стаг вац иза ца вевзаш.Цунах тахана дукха наха «меттан да «олу .Меттан 1илманча ,поэт,яздархо санна вевза тахана З.Джамалханов.

Стих -вайн мотт дуй-те( Хатуев А.)

Вед.Халкъан академика ,профессора З.Джамалхановс нохчийн матах лаьцна кху кепара аьлла. «Ненан мотт-халкъан дахаран хазна ю.Мотт адамийн уьйран а ,кхиаран а .къийсаман а г1ирс бу.

Халкъан мотт – халкъан историн куьзга ду.»

Стих.Дикаев М. «Нохчо ву со.»

Вед. Хьоме бу нохчашна Ненан мотт а ,вина мохк а ,къоман 1адат а,г1иллакх. Вайга х1ун я муха дийцалур дара б1е шо хьалха Иордане ,Шеме ,хонкаре д1абахана хиллачу нохчаша ненан мотт бицбалийтина хиллехь..

Сулейманов ахьмада аьлла:»Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш ,вовшех даьхча кхуьй а леш –Даймохккий,ненан моттий ,халккъий.» Тахана а ду сийлахь а .деза и кхоъ-Даймохккий,моттий,,къаммий-вовшех къасто йиш йоцуш.

Стих. «Даймохк» Рашидов Ш.

Вед. Ненан меттан ницкъах дуй буш САнна теша до вай М.Мамакаев Мохь мада: «… шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.»

Дешархо :стих Ш.Арсанукаев «Весет»(Хаджиева Ф.)

Хазнашлахь хазна ю ненан мотт къоман ,

Ненан мотт мел беха къам дуьсу даха ,

Ткъа нагахь, мотт шеен лахь, къам лей д1адолу

ненан мотт бицбинарг сийсазво наха.

Нохчийн мотт-и къоман синхазнийн хьоста

Ларбина къийсамехь массо а ханна

Раг1 х1инца хьоьгахь Д1аэций хьаста

Ден весет кхочушде къонахчо сана

Ларбе мотт,хазбе и ца еш мало

Т1аккха хьайн весет деш к1анте д1ало.

Вед.Нохчийн мотт, хьо бека бисалахь

тахконза дисинчу аганна,

ненан мотт,хьо хезчохь бисалахь

Нана мел езачу бераннаНохчийн мотт хьо бийца бисалахь

Ненан мотт мел безачунна

Нохчийн мотт ,хьо баха бисалахь

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

Песня : « Ларйойла хьо везчу Далла.» (Все участники)

Дош ду нохчийн меттан хьехархочунна (Абуевой Т.И.)

Танец (лезгинка.)

«Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…»

1алашо: вайн мотт уггаре а исбаьхьчу а, хьалдолчу а, хазачу а меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте безам кхоллар. Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:

1. Хехархочун дош:

— Де дика дойла шун массеран а! 25-г1а апрель, вайна ма-хаъара, Нохчийн меттан деза Де лерина ду. Цуьнца доьзна дуккха а цхьаьнакхетарш а, гайтаран урокаш а, къийсадаларш а хилла вайн. Таханлера вайн цхьаьнакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а хилар а. Иштта довзуьйтур ду вешан мотт вайна безар а ,даима а цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а. Х1инца вай дош лур ду вайн дешархошна. Церан г1оьнца шун таро хир ю нохчийн маттана лерина кечйинчу программе хьовса.

1-ра д1-рг: Де дика хуьлда шун!

2-г1а д1-рг: Марша а дог1ийла!

1-ра д1-рг: Массо а стаг, муьлхха а къомах велахь а, шен ненан маттаца кхуьу. Мотт а, къам а цхьаьнадоьзна ду, х1унда аьлча, къам ца хилча, мотт хир бац, ткъа шен бийца мотт боцург къам дац.

2-ра д1-рг: Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза. Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар. Дукха ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царех цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьйтуш, А. Айдамировс язйина «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени.

А. Айдамировн «Ненан мотт»

1-ра д1-рг: Дуьненахь меттанаш дукха ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Кхечу къоман мотт хаар ч1ог1а пайдехь ду, иза доккха хьекъал а ду. Амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо шен ненан сий лардийр дац. Цунах лаьцна ч1ог1а дика аьлла Саидов Билала шен «Ненан мотт» стихотворенехь.

Саидов Б. «Ненан мотт»

2-г1 д1-рг: Ткъа х1инца, хьоме дешархой, ладуг1ур вай даймехкан исбаьхьчу мукъамашка.

Эшар: «Даймохк», «Даймехкан аз».

1-ра д1-рг: Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори а ю, цуьнан хиндерг а ду. Ненан маттал сийлахь а х1ума дан а дац я хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца йиш йолуш бу вайн мотт: Хьешашка – оьзда, Доттаг1чуьнга – мерза, Мостаг1чуьнга – буьрса, Захалонна – хаза, Масла1атана – к1еда, Берашка – эсала.

Амма кхетамна к1езиг болчу нехан ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етотту шайн ледарло. Ладог1а цу тайпанчу нахана йогуш йолчу Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» ц1е йолчу стихотворенига.

Арсанукаев Ш. «Ненан мотт»

2-г1а д1-рг: Ткъа х1инца , хьоме дешархой, шун таро хир ю вайн къоман хаза г1иллакхаш а дицдина, вай меттан сий дайа г1ерташ, цуьнга цхьана а кепара лерам боцучарна дог1уш С.-Хь. Нунуевс язйинчу «Аптека чохь» дийцар т1ехь х1оттийначу сценке хьовса.

Сценка «Аптека чохь»

Эшар «Дависа хьан оьздангалла»

1-ра д1-рг: Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. IХ-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас П. К. Услара иштта аьлла вайн матах лаьцна: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш хьалдолуш бу».

2-г1а д1-рг: Ткъа вайна массарна а вевзаш а, везаш а волчу оьрсийн яздархочо Л.Н. Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт» Рашидав Ш. «Дахарехь»

1-ра д1-рг: Оццул ч1ог1а хесточу вайн меттан хазалла йовза а, цуьнан сий-лерам бан а вай 1амош, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьхдачу г1иллакхех ца духуш нийса некъ д1абахьар хьоьхуш болчу массо а нохчийн меттан хьехархошна даггара баркалла ала лаьа тхуна.

Стихотворени «Хьехархо»

2-г1а д1-рг: Х1инца юха а Даймехкан мукъамашка ладуг1ур вай.

Эшарш «Лойша суна», «Дуьне мел ду»

1-ра д1-рг: Хьоме дешархой! Лераме хьехархой! Х1ара вайн цхьнакхетар Ш. Рашидовн «Ирс ду-кх» ц1е йолчу стихотвореница дерзо лаьара тхуна.

Ш. Рашидавн «Ирс ду-кх»

2-г1а д1-рг: Кху т1ехь ненан маттана лерина цхьаьнакхетар чекхдолу . Ладог1арна баркалла.

29.11.2019

Магомедрасулов Пахрудин Шамсудинович

-Де дика хуьлда шун массера а!
Тахана вайн нохчийн меттан урок ю.
-Бераш хьовсал шу х1окху малхе, ма белабелла хаза бу и, цо массарна а йовхо ло.
Х1инца и малх санна дела а лой вовше хьовсал, иштта хаза хетарца д1айолор ю вай вешан урок.
«Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шортта
Ша хууш волчунна вай нохчийн мотт…»
Шайхи Арсанукаев
Ненан мотт бохург доккха х1ума ду.Нохчийн халкъан кица ду:Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац!»Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а.
Цхьа шеко а йоцуш, нохчийн меттан сий айарехь ницкъ ма-кхоччу къахьоьгуш бу вайн меттан говзанчаш а, яздархой а, нохчийн пачхьалкхан куьйгалхо Кадыров Рамзан Ахматович.Указ доьшу.
-Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийца деза. Ша дуьйцург маь1на а долуш, говза схьаала 1амо деза. Тахана мелла а кху урокехь ненан мотт нийса бийца хааран некъа т1ехь болх бийра бу вай, хаарш к1аргдеш, совдаха хьовсур ду.

Оценить★★★★

1629

Содержимое разработки

Класс:5

Терахь:15.04.15.

Предмет:нохчийн мотт.

Урокан ц1е: Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.

Урокан тайпа: Довзийтаран урок

Урокан кеп: Тобанашкахь болх, фронтальни болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.

Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.

УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев

Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):

Предметни (Кхеторан): Ц1ердешнийн суффиксех лаьцна кхетам балар.

Метопредметни (Кхиоран 1алашо): Ц1ердешнех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар. Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш, цхьаллин а,дукхаллин а терахь, ц1ердешнийн грамматически классашца, ц1ердешнийн дажарш, легор. Дешархойн хаарш

к1оргдар, шордар. Берийн ойла дешаран т1еерзор.

Личностни (Кхетош — кхиоран 1алашо): Шен матте болу безам кхиор.

Урокан кхайкхам:

Ненан мотт хаар – х1оранне декхар!.

Урок д1аяхьар

Хьехархочун дош.

-Де дика хуьлда шун массера а!

Тахана вайн нохчийн меттан урок ю.

-Бераш хьовсал шу х1окху малхе, ма белабелла хаза бу и, цо массарна а йовхо ло.

Х1инца и малх санна дела а лой вовше хьовсал, иштта хаза хетарца д1айолор ю вай вешан урок.

«Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шортта

Ша хууш волчунна вай нохчийн мотт…»

Шайхи Арсанукаев

Ненан мотт бохург доккха х1ума ду.Нохчийн халкъан кица ду:Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац!»Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а.

Цхьа шеко а йоцуш, нохчийн меттан сий айарехь ницкъ ма-кхоччу къахьоьгуш бу вайн меттан говзанчаш а, яздархой а, нохчийн пачхьалкхан куьйгалхо Кадыров Рамзан Ахматович.Указ доьшу.

-Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийца деза. Ша дуьйцург маь1на а долуш, говза схьаала 1амо деза. Тахана мелла а кху урокехь ненан мотт нийса бийца хааран некъа т1ехь болх бийра бу вай, хаарш к1аргдеш, совдаха хьовсур ду.

Фронтальни хаттарш:

Стенах олу ц1ердош?

Муха хуьлу ц1ердешнаш? (долахь, юкъара).

Ц1ердешан маса терахь ду?

Ц1ердешнийн грамматически классах лаьцна х1ун хаьа шуна?

Ц1едешнийн маса легар ду?

Ц1ердешнийн маса дожар ду?

Предложенийн — дожарийн къепе х1иттаде.

Ц1. Моттвай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а

дужур ду. (М. Сулаев)

Дл.Метт…. сий, вайн сий ца дайа,

Т1еман лар юьлуьйтуш хийца,

Дитина сий дайша, дедайша! (Кибиев М.)

Л. Матт…. шера хилар дац коьртаниг, говза хила веза.

Др.Матт…вайна 1амадо назманаш ала,

1амадо биц ца бан вайн наной, дай.

1амадо бохург дан Сийлахьчу Дала… (С-М. Гелагаев).

К. Матт… мух — мухха а хилар (кхечу меттан дешнех иэдеш дийцар)

– мух-мухха а ойлаяр ду: билгалза, гергарчу хьесапехь.

Х. Хьайн матт…. айпаш ца дохуш, хастам а, сий — лерам а д1ало

цунна.

М. Шен махке болу бакъ безам, шен матт… бацахь, маь1на долуш

бац (К. Паустовский).

Дс. Нохчийн матт…. хаза а, хьалдолуш а мотт бац, нагахь кхоччуш

дика хууш хьо велахь. (Л. Толстой).

— Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш муха яздо?

Тобанашца болх

Д1аеша текст. Оьрсийн меттан дешнаш гочде, нохчийн матте дохуш.

Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу вопросам, вуно хорошо кхеташ, сурт хIоттош, отвечал воккхачу стага.

Цо им дуьйцура: бук, дуб, липа, ель, береза… муьлха дечигаш ю, они мича коьчалшна мега а.

– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, птиц баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура лесник берашна…

Муха хадор дара кортош тIе зеленые генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан друзья!» — бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа природа дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн жизнь хестош декачу олхазаршна бохам бича?..

Айхьа хьайна таллам бе

Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу хаттаршна, вуно дика кхеташ, сурт хIоттош, жоьпаш лора воккхачу стага.

Цоцарна дуьйцура: поп,наж,хьегI,база,дакх… муьлха дечигаш ю, уьш мича коьчалшна мега а.

– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, олхазарийн баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура хьуьнхочо берашна…

Муха хадор дара кортош тIе баьццара генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан доттагIий!» — бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа Iаламо дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн дахар хестош декачу олхазаршна бохам бича?..

Хьехархочун дош: Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш муха ду?

Керла коьчал йовзийтар

Суффикс

Орамна со т1ехьа лаьтта,

Дашна керла маь1на ло.

Цуьнан даим цхьаьна язйо

Х1ун дешдакъа хир ду со?

— Дешан х1оттаман дакъош дагалаца.

— Къастаде дешархочун, сатасар бохучу дешнийн дакъош.

Дешхьалхе, суффикс стенах олу?

Дагахь хаа деза

Суффикс дешан дакъа ду.

Ц1ердешнийн суффиксаш екъала шина декъе: Дешнийн кеп хийцаран, дош кхолларан.

Кеп хийцаран суффиксаш дукхахьолахь жималла гойту. Масала: сара – сараг, ц1а – ц1елиг.

Дош кхолларан суффиксаша дешнашна керла маь1на ло. Масала: зурма – зурманча, Атаг1а – атаг1хо

1амийнарг т1еч1аг1дар

Шайна деллачу хаттаршна цхьана дашца жоп ло.Билгалъяха церан суффиксаш.

Ч1ерий лоьцуш верг? (ч1ерийлецархо)

Хьелий узуш ерг? (хьелийозархо)

Нийса топ тухуш верг? (иччархо)

Зурма локкхуш верг? зурманча

Мангал хьокхуш верг? (мангалхо).

ФИЗМИНОТ

(видео)

Д1адеша кицанаш

Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка

Аьлларг…. дети делахь а, ца аьлларг деши ду.

Дика лулахо вешел а тоьлла

Аьхка 1иллинарг- 1ай идда.

Сихалла – сонта, собор – кхетам

Ловзаран миноташ

Анаграммаш

Текста т1ехь болх

Пондар дика локху бохург к1еззиг дара 1елинговзаллех аьлла.Хеталора, 1елин карахь пондар денло,цунна чохь дерриг вайн халкъан дог, са а ду, аьлла.Къинхьегамхойн дог-ойла,цара ловш болу бала-и дерриг асхьадуьйцурацо.

Пондаран эшаре а, 1елас цунна т1аьхьа далош долчу иллига а ладуг1уш болчу нахана хеталора шаьш парг1атоно а, нийсоно а толам баьккхинчу дуьнена девлчча санна.

-Дийца, муха кхолладелла буха сизаш хьаькхна дешнаш.

Дешах1оттаман къастам бе царна.

Дика, к1еззиг, т1аьхьа, денло, парг1ато, нийсо, толам бохучу дешнашна ялае антонимаш.

Бала, къинхьегамхо,илли, нах бохучу дешнашна ялае синонимаш.

Жам1 дар

— Ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш муьлхарш ду?

— Маса тайпа ду суффиксин?

Ц1ахь бан болх

1амае 60-г1а §.

Кхочушъе 274-г1а шардар.

«Ненан мотт-сан дозалла!» жима сочинени язъе.

Рефлески

Шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца.

5-Ас тахана дика болх бира, со цхьа г1алат дацар!

4-Ас тахана болх бира, амма кхин а дика балур бу аьлла хета суна!

3-Суна тахан хала дара,амма ас шарта къа хьоьгар ду!

«Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга делахь а адамашна хуур дац, иза дуьйцуш а 1амош а стаг вацахь».

НОХЧИЙН МЕТТАН 5 –ЧУ КЛАССЕХЬ ЙИЛЛИНА УРОК

Ц1ердешнийн суффиксаш

______________________________________

нохчийн меттан, литературан хьехархо

Гайрабекова Милана Хусайновна

5

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/384644-nenan-mott-haar—h1oranne-dekhar

Свидетельство участника экспертной комиссии

«Свидетельство участника экспертной комиссии»

Оставляйте комментарии к работам коллег и получите документ
БЕСПЛАТНО!

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Ненавижу детские праздники
  • Неке ?ию р?сімі сценарий
  • Ненавижу быть один хочешь праздник я дам повод
  • Немые сценки сценарий
  • Немой этюд сценарий пример