Мероприятие ко дню чеченского языка сценарий на чеченском языке

1алашонаш: 1.Ненан меттан сийлалла, цуьнан исбаьхьалла йовзийтар, нохчийн меттан, литературин хаарш алсамдахар. 2.Дешархойн Даймахке а, шайн матте а болу безам лакхабаккхар,иза хаа а,1амо а болу лаам т1еч1аг1бар; 3.Ненан меттан, Даймехкан сийдар, дайн оьзда г1иллакхаш лардар х1ораннан декхар хилар д

Сценарий ко Дню чеченского языка «Мотт- къоман са» 6-11 класс

Ненан меттан Денна лерина цхьаьнакхетар

Ц1е: «Цо досту къайленийн дог1а… »

1алашонаш: 1.Ненан меттан сийлалла, цуьнан исбаьхьалла йовзийтар,

нохчийн меттан, литературин хаарш алсамдахар.

2.Дешархойн Даймахке а, шайн матте а болу безам

лакхабаккхар,иза хаа а,1амо а болу лаам т1еч1аг1бар;

3.Ненан меттан, Даймехкан сийдар, дайн оьзда г1иллакхаш

лардар х1ораннан декхар хилар довзуьйтуш, дешархошца

кхетош-кхиоран болх д1абахьар.

  1. Цхьаьнакхетар д1адахьар.

 1-ра д1ахьушверг:

2-г1а д1ахьушверг:

 3-ра д1ахьушверг:

4-г1а д1ахьушверг:

1.Нохчийн къоман хелхар.

II. Хьехархочун дош.

Де дика хуьлда шун массеран а!

Уггар хьалха суна даггара декъалдан лаьа шу массо а Ненан меттан Денца…

Вайна массарна а хууш ду, х1окху оханан (апрель) беттан 25-г1а де, вайн мехкан куьйгалхочо Р. А. Кадыровс, Ненан меттан Де ду аьлла, д1акхайкхош, арадаьккхина указ хиларца билгалдаьлла хилар. Доккха совг1ат хилла д1ах1оьтти и дерриге къомана. Массанхьа: радиохь, телевиденехь, дешаран хьукматашкахь — д1ахьуш самукъане цхьаьнакхетарш ду.Цунна лерина вайн Дешаран Центрехь д1ахьуш ю нохчийн меттан йиллина урокаш, тайп- тайпана къийсадаларш, нохчийн яздархошца а, 1илманчашца а классал арахьара цхьаьнакхетарш .

1-ра д1ахьушверг:

Де дика хуьлда шун !

2-г1а д1ахьушверг:

Марша дог1ийла шу а тхан лераме хьеший!

3-г1а д1ахьушверг:

Тахана иштта хаза,самукъане кху чохь вай гулдаларан бахьана Ненан маттана лерина ду.

4-г1а д1ахьушверг: Сил дукхаезачу ненан ц1арах шен ц1е х1оьттина болу ненан мотт хьехочехь муха хир дац самукъане?!

1-ра д1ахьушверг: «Муьлххачу къоман коьрта билгало ю цуьнан мотт. Мотт боцуш къам хила йиш яц. ХIунда аьлча, маттаца хьаьрчина дохку хIора къоман гIиллакх-гIуллакх а, оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а.

2-г1а д1ахьушверг: Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, цуьнца ю вайн къоман историн лараш а.

3-г1а д1ахьушверг: Тахана Цо досту къайленийн дог1а…» ц1е йолчу х1окху вайн цхьаьнакхетарехь , шун хьовса таро хир ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Дешаран Центран дешархоша нохчийн меттан хазалла, Даймахке, къоман г1иллакхашка шайн йолу марзо йовзуьйтуш, д1ахьучу балхе.

4-г1а д1ахьушверг: И дерриге а довзуьйтуш, дешархоша йоьшур ю нохчийн маттахь байташ, шайн мукъамечу аьзнашца д1алокхур ю эшарш, гойтур ду нохчийн хелхар, ткъа уггар мехалниг хир ду — «Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу халкъан дийцаран бух т1ехь 10-11 –г1ий классийн дешархоша х1оттийна кийсак.

 1-ра д1ахьушверг: Ларамза дац тахана 11 классан кегийрхоша Умхаев Хьамзатан дешнаш буха т1ехь даьккхина «Нана-Нашха» ц1е йолу илли кечдар.

2-г1а д1ахьушверг: Хууш ма-хиллара, 2019 шо вайн мехкан куьйгалхочун омрица Галанч1ожан к1оштан ду аьлла д1акхайкхина ду. И боккха кхаъ бу дерриге а къомана, х1унда аьлча, нохчийн къоман массо тайпа а, тукхам а цигара схьадаьлла олуш ду.

 1-ра д1ахьушверг: Дика а, вуон а, мехкан кхел а цигахь кхайкхош хилла бохуш дуьйцу. Цундела, вайн къоман истори меттах1оттаян а, и исбаьхьа меттигаш т1екхуьучу т1аьхьенна йовзийта а яьккхинарг йоккха г1улч ю.

2-г1а д1ахьушверг: Ладог1а «Нана-Нашха» ц1е йолчу иллига.

3 – г1а д1ахьушверг: «Мотт ойланан дег1 ду» — олуш ду вайн,ткъа и ойла нийса ян,кхеташ хила веза,х1уманах нийса кхетам хила беза.

4-г1а д1ахьушверг: Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто,цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а. Шен ненан маттахь ечу ойлано ларво стаг массо вочух.

3-г1а д1ахьушверг: «Вайн мотт бу Iаламал чIогIа,

Хьекъале цо йоьгIна лард,

Доккху цо къайленийн догIа,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт».

4-г1а д1ахьушверг: Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг къоман меттан оьзда а, ц1ена а, лараме а дош ду. Х1инца ладог1а дешархоша шайна хазахеташ къастийначу байташка :

Ненан маттах лаьцна байташ

«Ненан мотт» Абубакарова Пет1амат

Хьан боху нохчийн мотт дашна бу къиэн?!

Муьлха а ойла цуо ялхайо говза.

Йиш яц вай д1атесна ненан мотт 1иэн,

Цуьнций бен хир дац къам дуьненна довзар!

«Ненан мотт» Махмаев Жамалди

Лаьмнашкахь малх кхетча,

Дуьйлало хиш,

Б1аьстено къагадо

Со вина латта.

Эзарнийн озаца ас лоькху йиш

Сайн ненан маттахь!

Сан меттан жовх1арш,

Х1орд хилий 1ана.

Стаг вац со,

Шун аьзнех къастахь.

Дуьххьара дош ду ас

1амийнарг: «Нана»-

Сайн ненан маттахь!

Г1елбелла ненан мотт,

Ца оьшу кхин,

Аьлла шайн

Нийсархо г1аттахь,

Алалаш цуьнга:

«Хьан дайна сий», —

Шайн ненан маттахь!

Карадац дешнаш,

Карадац аз

Д1ах1отто

Исбаьхьчун метта.

Цундела хестабеш,

Сий дийр ду ас

Сайн ненан меттан!

1-ра д1ахьушверг: Нохчийн мотт –иза нохчийн къоман аз ду, къоман илли , назма ю, къоман культура, литература, искусство кхиоран коьрта хьоста а ду.

2-ра д1ахьушверг: Мотт, духар, г1иллакхаш къоман сибат ду.И сибат лардеш верг ийманца ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву.

1-ра д1ахьушверг: Х1инца вайн хьовса таро хир ю 10-чуй, 11 -чуй классан дешархоша, «Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу вайн халкъан дийцар буха т1ехь кечдинчу исбаьхьаллин суьрте хьовса.

«Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу дийцаран кийсак.

НЕНАН БIАЬРХИШ

(Нохчийн хьалкъан барта кхолларалла)

Дакъалоцурш:

Автор-

Да-

Нана-

К1ант-

Доттаг1ий-

Воккхастаг –

Пондарча- ……..

Цхьалха цхьа кIант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш Iалашвора цара шайн кIант.

КIант кхиъна ваьлча, ломахь гIарабаьлла дика динний, нуьйран гIирссий, тIемалочун барзаккъий кечдира дас-нанас шайн кIантана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, цIера ара-м ца волуьйтура цара иза.

Цхьана дийнахь юьртара кIентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу кIантана а лиира цаьрца ваха.

Дений, нанний тIевеъна цо элира:

– Со а вахийтийша юьртарчу кIенташца дуьнене бIаьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала, Iуьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, догIано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара Iуьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, гIелашна сагатделла сира сай гIергIаш ладогIа, Iаннаш, даккъаш декош, мацалла угIучу барзе ладогIа… Вахийтийша со кIенташца дуьнене бIаьрг тоха.

– ХIан-хIа, кIант ма гIолахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Юьртара кIентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу кIант висира кхерчан а, цIийнан а гонах хьийза.

Цхьа хан яьлча, юьртара кIентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний тIевеъна, кIанта элира:

– Со а вахийтийша кIенташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечанан ирачу мIараш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш дIа-са яржош, и кура леча чудаийта, лечанан мIарех кIелхьара даьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу Iарчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна дIакхарстийна сийна бIаьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха тIехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе бIаьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дегI лардеш пха тоьхна, маьIах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема хIума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса х1ума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу бIаьргашчу хьаьжна, хьаьстина, иза дIахеца, къизчу иччархойл дукха дуьнен чохь къинхетаме нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со кIенташца экханна талла.

– Ваха пурба дац хьуна, кIант, ма гIолахь! – элира къеначу дас.

– Со къинтIера ца ели-кх хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.

Корта охьаоьллийна дIавахара кIант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура кIант.

ЦIеххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостагI ву тIегIерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо. Юьртара кIентий, къонахий кечбелира мостагIашна дуьхьал бовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира гIагI дегIе а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, кIентан да а вахара мостагIашна дуьхьал, шен кIантана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а.

Шел хьалха дIакхаьчна, могIаршца тIаме хIиттина тIемалой карийра цунна. Къаьстина чIогIа тIом беш вара цхьа цавевза тIемало. Юьхь тIеоьзна зIенийн цхар, тIедуьйхина болатан барзакъ, мостагIийн декъех саьлнаш хIиттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.

– Мила ву и чIогIа тIом беш волу тIемало? – аьлла хаьттира воккхачу стага дас.

– Иза хьан кIант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика кIант кхийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира тIемалоша.

Амма хала дара и кIант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостагIаша. Массо а цхьаъ санна цхьаний тIелетира уьш оцу турпал кIантана. Вуьйжира кIант. Велира турпал. ТIаккха тIетаьIира ламанхой мостагIашна. ХIаллак бира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу тIеман арахь мостагIийн…

ГIоьмукъех, таррех барма а дина, тIе верта а тесна, ларвеш цу тIе а виллина, ваьхьира тIемалоша кIант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кетIа… Болатан гIагI малхехь къегаш, кхачабеллачу баттах тера йолчу юьхьа тIера сирла нур гIуьттуш.

– ХIей, вежарий! Собарделаш! – элира кIентан дас. Севцира нах. Вистхилира кIентан да:

– Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац кIентан нене хIара ирча кхаъ дIахаийта… Со кхоьру хIокху кхоо нана а ерна… Вац шуна юкъехь маттана говза, нене кIант валар дIахаийта?

Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, дIатийра къонахийн тIемалойн тоба. ГIеххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.

– Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца кIант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага.

Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира кIант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, гIайгIано кортош охьаохкийна лаьттачу тIемалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу тIемалочун дакъа…

Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу кIант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… ЦIеххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гIергIар хазийра, лоьман цIийзар, берзан угIар хазийра. Цуо дуьйцура кIант-тIемало мел майра, доьнал долуш кхиънера. ТIаьххьара а, тIеман герзаш вовшах детталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостагIий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, тIеман марсаллехь майрачу кIантана тIера барзакъ болатан гIовгIанца декаш санна… Цуо дуьйцура кIант-турпал мостагIехь мел майра летта, цуо уьш муха хIаллакбина. ТIаьххьара цхьа сирла цIена аьзнаш гIевттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан зIаьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх…

Боьлхура пондар, тийжара пондар.

ЛадоьгIура кIант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьтта тIемалой. Кхийтира нана… Бармахь Iуьллург кхуьнан кIант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостагIех. Дуккха а хIаллакбинера цуо уьш. Веллер ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. ГIайгIане цуьнан йиш…

Боьлхура пондар. Тийжара пондар…

Довха бIаьрхиш хьаьвдира ненан бIаьргех…

Къора узарш деш бекачу пондарна тIетевжира кIентан нана.

Боьлхура пондар, йоьлхура нана…

Мацца цкъа нана тIера дIаайелча, цецах санна Iуьргаш девллера пондаран уьн тIе. Ненан довхачу бIаьрхиша дагийнера иза. Кхин а чIогIа гIарабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула дIаоьхура цуьнан аз. Цуо хIинца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу гIайгIанах, къахьонах, балех.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

ДегI нисдеш, айаелира кIант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:

– Со къинтIера ели хьуна, сан кIант!

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша…

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

– Аса декъалво хьо, сан кIант! – мохь туьйхира нанас.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.

– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша.

Боьлхура пондар, тийжара пондар…

Оьгура ненан бIаьргех довха бIаьрхиш… сийлахь латта а дашош!

3-г1а д1ахьушверг: «Мотт — иза халкъ латтош болу, цу халкъан синпха бу. Бакъдолу нохчалла цуьнгахь латтош берг а мотт бу».

4-г1а д1ахьушверг: 1илманчаша билгалдаьккхина ду нохчийн мотт гуттар а ширачу меттанех цхьаъ хилар.Масийта б1е,эзар шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина дешнаш,кхин цхьацца йоза хиларан билгалонаш.

3-г1а д1ахьушверг:

Массо аг1ор бийца, хесто таро ю вайн вешан ненан мотт. Мел хаза , исбаьхьа ду Ненах, Даймахках лаьцна долу вайн иллеш, эшарш! Царах цхьадерш тахана шайн мукъамечу аьзнашца вайн дешархоша довзуьйтур ду вайна.

Ладог1а Даймехкан мукъамашка…

Йиш «Даймохк»

1-ра д1ахьушверг:

Везачу Дала хьекъал а, собар лойла вайна, вайн дайша дитина кост-весет ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар кхочушдан. Аллах1а шен къинхьетамах ма дохийла вай. 1одика йойла шун!

2-г1а д1ахьушверг: Тахана ненан маттах хиэраваьлларг, кхана херлур ву шен халкъах, Даймахках, эзарнаш шерашкахь къомах къам дина схьадаьхкинчу г1иллакхех.

План-сценарий мероприятия «Нохчийн мотт –
сан дозалла», приуроченного ко Дню Чеченского языка

для обучающихся ГСВУ МВД России

Дата
и время проведения: 25.04.2021 г. в 15.30

1алашо: вайн
мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу
къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан  хадийна лакхара мах
бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

Цхьанакхетар
д1адахьаран кеп:

Видеоролик «Нохчийн маттах дош. Хабаев
Исмаил»

Дауд:

Аганан иллица со  вижош, Нана,
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь
Т1аьххьарчу т1аьхьено хестабеш кхана
хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь

Раджаб:

Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьехархой,
хьомсара накъостий!

Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина
ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а
хилар.

Иштта довзуьйтур ду,
вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

 Дауд:

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза
де лерина ду. Иза билгалдаькхна вайн Президента Кадыров
Р.А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указца.

Нохчийн Республикан Конституцин 10-г1а статья т1аьхь а
яздина ду:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн
а, оьрсийн а меттанаш…»

Раджаб:

Вай долчу
хьошалг1ахь ву…….
нохчийн
яздархо, поэт
, публицист, историк Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович 

Вай х1инца вайн хьеше
дош лур ду………….. хьоьга   дош
ло

Дауд:

Х1ун
хир ду ненал  сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна
дийшош,  хазачу мукъамехь илли олуш,  дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

  
Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьлличахьана оьздангаллийца, майраллийца,
комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн
маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Мотт —
къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Раджаб: 

Вайн ненан мотт
вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна
баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата,
Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека, Нурадилов
Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас….

Дауд: 

Цу маттахь исбаьхьаллин хазна
кхоьллина вайна Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада,
Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев 1арбис, Дикаев Мохьмада, Хамидов Абдулхьамида,
Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев
1абдулхьамида…

Раджаб:

Дуккха а ю нохчийн
литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царах цхьаъ ю шен ненан матте
а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш, Айдамиров Абузара язйина йолу «Ненан
мотт» ц1е йолу стихотворени.

Иза д1айоьшар ю вайн
дешархоша___________

НЕНАН МОТТ


Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь
со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь
цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш
хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.

Цу
иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа сурташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар

Ненан
мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца
ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

Бекалахь,
ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

                                                                         А.
Айдамиров

Дауд:

Нохчийн мотт хаза а,
хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а.
XIX-чу
б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара
иштта аьлла вайн маттах лаьцна:

 «…Нохчийн мотт ч1ог1а
къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и
мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргара аг1онаш а йийцалур йолуш,
ч1ог1а хьалдолуш бу».

Раджаб:

Ткъа вайна массарна а вевзаш
а волчу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн
маттах лаьцна:   «Нохчийн мотт угаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу,
нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Дауд:

Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

                                                      «Аьрзунан
илли» 1абдулхьамид Хатуев.

Раджаб:

Адамаш
кхетош-кхиорехь а онда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1ама до вайна нохчийн оьзда
г1иллакхаш, ламасташ.

Диканехь
я вонехь

Дош
ала дезча,

К1оргера
ян воьлча

Хиламийн
чот,

Эхь,
иман я г1иллакх,

Доьналла
эшча,

Собар
лург хиллера

Сан
ненан мотт

Ткъа х1инца Нохчийн г1иллакхех, собарах лаьцна сценка гойтур ю вайн дешархоша

Сценка

Дауд:

Буьйцуш мотт боцуш халкъ
хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца
хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет,
ловзар-синкъерам, дика-вон  д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш
яц.  Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн
мотт, олуш ма-хиллара, баьрче баккха беза вай.  

      Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен
ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Раджаб:    

Ненан маттал хаза а,
сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца
таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

                    Хьешашка – оьзда,

                    Доттаг1чуьнга – мерза,

                    Мостаг1чуьнга – буьрса,

                    Захалонна – хаза,

                    Масла1атана – к1еда,

                    Берашка – эсала.

       Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу
цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Дауд:

Вайн цхьаьнакхетар д1адерзош
ладог1а луар дар цу тайпачу нахана йог1уш йолчу Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт»
стихотворенига.

Ненан Мотт

Доьзалехь
бийцар а дастама хеташ,
Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» —
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал
цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе,
оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш — ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза
бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш
хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн
х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Нохчийн майралла, оьзда хийла
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Сийлахьчу
Октябро шуьйра некъ белла,
Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду.
Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла,
Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу.

Кхидолчу
къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Ш. Арсанукаев

Раджаб:   

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза
к1оргера бовза,  г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна! Цу т1ехь
чекхдолу вайн цхьанакхетар. Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

25 апрель-Нохчийн меттан Де. «Ларбе мотт, хазбе и …»

Вед.1-Де дика хуьлда ,тхан хьоме доттаг1ий.

Вед.2-Маршалла ду шуьга массаьрга ,х1окху дезчу дийне –Нохчийн меттан Дийне гулбеллачаьрга.

Вед.Дезденош тайп-тайпана ду :хьехархойн ,лоьрийн,студентийн иштта д1а кхин а.Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан Де?

Вед.Нохчийн мотт буьйцуш а ,1амош а и бийца лууш волчу х1ораннан а .Делахь х1ета ,массо а къоман.

Вед. Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс,,амал,г1иллакхаш. къомо шен мотт хьалаайбар ,цо шен синкхетам самабаккхар ду.

Вед. НР президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» -д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.

Вед. Тахана вай х1окху дезчу денца декъал дан баьхкина уггаре кегийра декъашхой-хьалхарчу классера дешархой.Ладог1ий вай цаьрга.?!

Хьехархо.Хьеший бовзийтар,царна дош далар. (журналист,поэт)

Вед. 1илманчаша дерриге а дуьненахь, кхо эзар сов къаьмнийн мотт лору.Нохчийн мотт-нохчийн къоман халкъан моттбу.

19-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хитар даржош даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу.Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш –уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш,ч1ог1а хьалдолуш бу»

Вед.Ткъа вайн г1араваьллачу яздархочо ,поэта Шайхи Арсанукаевс шайн «Ненан мотт» стихотворенехь аьлла хьекъале дешнаш.

9-г1а классерчу Дешархочо д1айоьшу байт Ш.Арсанукаев «НеНан мотт»

Вед.Цу хенахь дуьненан воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а ,хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу ,нагахь кхочуш дика иза хууш хьо велахь»Цо билгалдинарг мехала маь1на ду.

Песня: «Даймохк»

Вед. Нохчийн меттан хазалла а , исбаьхьалла а гойтуш язйина вайн яздархоша ,поэташа а Билал Саидовс,Абузар Айдамировс.,М.Мамакаевс иштта д1а кхиа.Х1инца цаьрга цхьайолчаьрга вай ладуг1ур ду.

Дешархо (под мелодию) «Со вина кавказан ломахь»А.Айдамиров.

Дешархо . Кибиев М. Ненан мотт.

Песня.

Рашидов Ш. Стих.ненан мотт.

Вед.Мотт ц1ена а, говза а буьйцучу стаге ладог1а ца к1орда до.Оцу адамех ву вайна массарна а хьомсара волу Зайнди Джамалханов.

Вед.Нохчийн къомах цхьа а стаг вац иза ца вевзаш.Цунах тахана дукха наха «меттан да «олу .Меттан 1илманча ,поэт,яздархо санна вевза тахана З.Джамалханов.

Стих -вайн мотт дуй-те( Хатуев А.)

Вед.Халкъан академика ,профессора З.Джамалхановс нохчийн матах лаьцна кху кепара аьлла. «Ненан мотт-халкъан дахаран хазна ю.Мотт адамийн уьйран а ,кхиаран а .къийсаман а г1ирс бу.

Халкъан мотт – халкъан историн куьзга ду.»

Стих.Дикаев М. «Нохчо ву со.»

Вед. Хьоме бу нохчашна Ненан мотт а ,вина мохк а ,къоман 1адат а,г1иллакх. Вайга х1ун я муха дийцалур дара б1е шо хьалха Иордане ,Шеме ,хонкаре д1абахана хиллачу нохчаша ненан мотт бицбалийтина хиллехь..

Сулейманов ахьмада аьлла:»Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш ,вовшех даьхча кхуьй а леш –Даймохккий,ненан моттий ,халккъий.» Тахана а ду сийлахь а .деза и кхоъ-Даймохккий,моттий,,къаммий-вовшех къасто йиш йоцуш.

Стих. «Даймохк» Рашидов Ш.

Вед. Ненан меттан ницкъах дуй буш САнна теша до вай М.Мамакаев Мохь мада: «… шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.»

Дешархо :стих Ш.Арсанукаев «Весет»(Хаджиева Ф.)

Хазнашлахь хазна ю ненан мотт къоман ,

Ненан мотт мел беха къам дуьсу даха ,

Ткъа нагахь, мотт шеен лахь, къам лей д1адолу

ненан мотт бицбинарг сийсазво наха.

Нохчийн мотт-и къоман синхазнийн хьоста

Ларбина къийсамехь массо а ханна

Раг1 х1инца хьоьгахь Д1аэций хьаста

Ден весет кхочушде къонахчо сана

Ларбе мотт,хазбе и ца еш мало

Т1аккха хьайн весет деш к1анте д1ало.

Вед.Нохчийн мотт, хьо бека бисалахь

тахконза дисинчу аганна,

ненан мотт,хьо хезчохь бисалахь

Нана мел езачу бераннаНохчийн мотт хьо бийца бисалахь

Ненан мотт мел безачунна

Нохчийн мотт ,хьо баха бисалахь

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

Песня : « Ларйойла хьо везчу Далла.» (Все участники)

Дош ду нохчийн меттан хьехархочунна (Абуевой Т.И.)

Танец (лезгинка.)

29.11.2019

Нохчийн меттан лерина мероприяти

Магомедрасулов Пахрудин Шамсудинович

Мероприятие начинается с просмотра видеоролика посвящённого Дню чеченского языка (учитель в национальном костюме)
Видеоролик № 1
— Хьоме бераш, лераме хьеший, хьомсара накъостий, тахана вай д1ахьур ду, Нохчийн меттан дезчу денна лерина долу вовшахкхетар. Вайн Республикехь хаза г1иллакх хилла схьадог1уш ду 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де даздар.
Видео ролик №2 Указ президента Рамзана Ахматовича Кадырова
Вайн паччахьо дина омар кхочушдар гойтуш, аса тидаме йуьллур кхи цхьа а (видеоролик )
Тахана вайн вовшахкхетар д1адолор ду, нохчийн сийлахь поэта Шайхи Арсанукаевн «Ненан мотт» ц1е йолчу стихотвореница. (две девочки и мальчик в национальных костюмах читают)

Оценить★★★★

4164

Содержимое разработки

Нохчийн меттан лерина мероприяти 5- г1а чу классан (автор Гайрабекова Милана Хусайновна)

Мероприятие начинается с просмотра видеоролика посвящённого Дню чеченского языка (учитель в национальном костюме)

Видеоролик № 1

— Хьоме бераш, лераме хьеший, хьомсара накъостий, тахана вай д1ахьур ду, Нохчийн меттан дезчу денна лерина долу вовшахкхетар. Вайн Республикехь хаза г1иллакх хилла схьадог1уш ду 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де даздар.

Видео ролик №2 Указ президента Рамзана Ахматовича Кадырова

Вайн паччахьо дина омар кхочушдар гойтуш, аса тидаме йуьллур кхи цхьа а (видеоролик )

Тахана вайн вовшахкхетар д1адолор ду, нохчийн сийлахь поэта Шайхи Арсанукаевн «Ненан мотт» ц1е йолчу стихотвореница. (две девочки и мальчик в национальных костюмах читают)

Шайхи Арсанукаев – Ненан мотт.

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!» —
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш — ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, 
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, 
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш 
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн къоман ойланаш, дахар а г1ийла 
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. 
Нохчийн майралла, оьзда хийла 
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, 
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. 
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн хьалкъцанна, 
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Иштта вай яздархоша а, 1илманчаша а ма хестабара, оьзда а, комаьрша а, самукъане а бу вайн нохчийн мотт.

Вай х1инца ладуг1ур ду вайн маттах лаьцна байташ.

Сулаев Мохьмад)

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а,

Хьекъале цо йоьг1на лард,

Доккху цо къайленийн дог1а,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.

Сатуев Хьусайн

Хьомечу ненан мотт,Дайх дисна иллеш,

Г1иллакхийн хазалла, хелхарийн алу –

Б1ешерийн некъаш т1ехь мел дина хилларлш,

Ха хоьрцуш йог1учу заманца дало

Ницкъ ло тхан дегнашна,

Вина мохк,нана!

Сулейманов Юсуп

Башха дац со кхалхар –

Ломахь я арахь,

Тезетахь 1аьржа-к1айн

Къеста ма ве.

Амма сох кадам бе

Сан нохчийн маттахь,

И безаш ца хиллехь,

Геч а ма де.

Талхадов Хьамзат

Дуьххьара дош олуш,

Ас, г1алат вуьйлуш,

Воккхавеш, дуьненахь

Бийцина хьо.

Дог лазош, вилхича,

Со маракъуьйлуш,

Со тевеш, бийцина

Хьо, ненат мотт.

Юсупов 1азим

Т1аьхьарчу т1аьхьено

хестабеш кхана

Хьомсара нохчийн мотт,

Хьо бахалахь!

Дуккха а оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а аьлла дешнаш а, цитаташ а ду вайн нохчийн маттах лаьцна.

Презентация
Вайн нохчийн меттан талламхочо Петр Карловича Услара аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггар а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьал долуш бу».
Ткъа, оьрсийн воккха яздархочо Лев Николаевич Толстойс а иштта аьлла: «Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

-Бераш,вайн яздархоша а аьлла нохчийн маттах лаьцна къорггера маь1на а долуш дешнаш.

Ткъа х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

Овхадов Муса

Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,

Оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг

Къоман метан оьзда а, ц1ена а,

Лараме а дош ду.

Джанаралиев 1имран

Вешан маттахь декачу дешан

Леерам а болуш, могуш-маьрша

Даймахкахь дехийла-кх вай.

Мотт бацахь,

мохк бацахь , кхане ирсе

Хуьлийла а дац!

Айдамирова Машар

Тахана ненан матах хераваьлларг, кхана херавер ву шеен халкъах.

Даймахках, эзарнаш шерашкахь къомах къам дина схьадеанчу г1иллакхех.

Берсанов Хож-Ахьмад

Мотт, духар, г1иллакхаш, къоман

сибат ду.И сибат лардеш верг

ийманца ву, иза вуьззина нохчо

ву, шен махкана хьакъ волу

къонах ву.

(Девичья группа с дома культуры исполняют песни)

-Бераш, вайна массарна а дика девзаш ду нохчиийн маттахь арадолу берийн журнал «Стела1ад» И журнал бахьан долуш, вайна дукха хаза дийцарш, туйранаш, иллеш, нохчийн меттан шира дешнаш а, бераша язъйина байташ а, дуккха а х1ума хаьа.

Х1инца шу йиш хир ю оцу журнала т1ера, къона яздархоша язъйина байташ д1аеша.

Ненан мотт буьйцуш (Гандаева Раяна)

Ден дайша бийцина

Ненан мотт буьйцуш,

Лардина г1илакхаш

Вовшашца дайша.

Ден дайша бийцина

Ненан мотт буьйцуш

Оьздалла гайтина

Вовшашна дайша

Ден дайша бийцина

Деган мотт буьйцуш

Шайн сий а лардина

Дуьненахь дайша.

Ден дайша бийцина

Оьзда мот буьйцуш,

Халонаш, харцонаш

Эшийна дайша.

Ненан сий (Косумов Исраил)

Ма ала даьсса дош,

Ненан мотт емалбеш.

Бийца хьайн ненан мотт,

Ненан сий ца дожош.

Мел дийцарх к1ордор а доцуш, дийцина ца валлал дукха ду вайн нохчийн хаза г1иллакхаш. Царех цхьадерш довзуьйтур вай.

(Сценка примирения)

Хьалха заманчохь, ши къонах вовшашца дов даьлла, я ч1ир екха г1ерташ, вовшашна герз даьккхина чуччахьаьдча, нохчийн зудчо шен коьртара йовлакх схьа а даьккхина, и цаьршинна юкъа кхоьссича, дов д1адоьрзуш хилла. Иштта сацош хилла вайн наноша ц1ий 1анор.
Говрахь вог1уш волчу стага, говрара охьа а вуссий, хоттуш хилла могуш-парг1ат. Нагахь санна, воккха стаг г1аш вог1уш шена дуьхьал кхетча, иза т1ехваьлла генаваллалц, шен говра т1е хууш а ца хилла нохчийн къонах. 
Амма, х1инца а лелош  схьадог1уш ду вайн хьаша т1еэцаран г1иллакх. Къемата а и стаг вевзаш ца хиларх, цхьа г1о оьшуш, я новкъахь к1адвелла, не1ар т1е веана волу стаг, везаш т1еоьцу вайнаха. Вайн нохчийн олуш цхьа кицанаш ду: «Хьаша ца вог1у х1усам — х1усам яц», «Хьаша керта — беркат шорта».

-Бераш, вайн юьрта дом культурехь д1ахьош кхетам –кхиорехь бокха болх бу. Цигахь дакъа лоцуш бу вайн ишколера дешархой. Х1инца шун йиш хир ю цара олучу халкъан ширачу иллега ладог1а.

«Байчу мохо»

Бераш, вайн къам хийла халонаш гина ду. Деллахь а оцу халоне эшацадойтуш къар ца луш , дог ойла ойуш схьадеана ду нохчийн хелхар. Х1инца шуна гур ду зудберийн тобано дийр долу хелхар.

(уходят со сцены)

Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан меттахь хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикан хьалхарчу президента Кадыров- Ахьмад- Хьаьжин. Вай даима а дагахь латто деза билггал нохчийн матто г1о до къам оьзда, иманехь хилийтарна.

Ас даггара декъалдо вай массо а нохчийн меттан денца. Хьара де хазаллин, дикалин, доттаг1алин де хила лаьттила вайна!

Суна даггара баркалла ала лаьа вай бинчу балхана мах хадош баьхкина болу жюри декъашхошна, дом культуран белхалошна а, вайн хьоме берашна а.

Ткъа х1инца нохчийн къоман хазачу г1иллакхех цхьа г1иллакх гойтуш дерзор ду вай цхьанакхетар. (Национальные блюда) )

Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан меттахь хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикан хьалхарчу президента Кадыров- Ахьмад- Хьаьжин. Вай даима а дагахь латто деза билгал нохчийн матто г1о до къам оьзда, иманехь хилийтарна.

Ас даггара декъалдо вай массо а нохчийн метан денца. Хьара де хазаллин, дикалин, доттаг1алин де хила лаьттила вайна!

Адрес публикации: https://www.prodlenka.org/metodicheskie-razrabotki/384648-nohchijn-mettan-lerina-meroprijati

Свидетельство участника экспертной комиссии

«Свидетельство участника экспертной комиссии»

Оставляйте комментарии к работам коллег и получите документ
БЕСПЛАТНО!

                                         “Нохчийн мотт – сан дозалла»

                         ц1е а йолуш Беркат-Юьртарчу юккъерчу школехь

                      д1аяхьа леринчу тематически мероприятин сценарии.

(Сцена кечйина хила тарло х1окху дешнашца: «Ненан мотт, дайн г1иллакх лардеш, Лаха вай кху лаьттахь ирс!» Байн лакха болабо дечиг-пондар. Генарчу озаца еха байт).

       Йиш «Нохчийн мотт» д1алокху Абуева Хьавас.    

       Рашидов Ш. «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1аоьшу Вацаева Мадинас.

       (Цул т1аьхьа сцени т1е довлу и мероприяти д1ахьош долу к1ант, йо1).

К1ант:

Салам – маршала ду шуьга, тхан хьоме доттаг1ий:

Йо1:

Де дика хуьлда шун массеран а!

К1ант:

25-чу апрелехь вайн республикехь билгалдоккхур ду Нохчийн меттан де.

Цу хьокъехь НР-н Президентан Указ зорбане даьлла «Даймохк» газетехь.

Йо1:

Цу Указца Республикан лакхарчу 1едало гайтина нохчийн маттаца йолу шен юкъаметтиг: вай цуьна сий – пусар дан а деза, 1амо а беза, цунах билггал пачхьалкхан мотт хиларе кхача а деза.

К1ант:

Дезденош тайп-тайпана ду: лоьрийн, хьехархойн, б1аьхойн, студентийн, энергетикийн и др.кх.

Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан де?

Йо1:

Нохчийн мотт буьйцуш а, 1амош а и бийца лууш волчу х1оранна а дезде хилла

д1ах1отта деза иза, дуьненан муьлххачу маь11ехь вайн къоман стаг вехаш велахь а.

К1ант:

Оцу кхетамехь вай хилахь, и де билгалдоккхур ду х1ора х1усмехь, юьртахь, районашкахь, республикийн т1ег1анехь, дешаран а, культуран а ерриг учрежденешкахь а, организацешкахь а.

Йо1:

Адамова Т. язйина «Ненан мотт» байт 2005. №7. д1айоьшу Гачаева Л.

К1ант:

Х1инца вайна хезар ю къоначу йишлакхархочо Абуева Хьавас д1алокху «Ненан мотт» эшар.

Йо1:

Х1инца сцени т1е кхойкху вай «Захало» ц1е йолчу сценки декъашхой.

К1ант:

Муьллха къоман уггаре коьрта билгало, иза кхечу къаьмнехь къастош дерг, цуьнан шатайпалла гойтург мотт бу. Мотт-къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Йо1:

Хьалха заманчохь «мотт а, къам а» боху дешнаш цхьана маь1нехь лелаш хилла, 1илманчаша дийцарехь. Цо гойту мотт – къоман юьхь а, са а хилар.

К1ант:

Дуьненахь дехачу х1ора а къомана шен–шен мотт белла Дала. Къам кхечу къаьмнех къасточех коьрта билгало ю цуьнан мотт. М. Мамакаевс говза аьлла х1окху дешнашца ненан маттах лаьцна.

                   Шен ненан мотт халкъо

                   Сий ойбуш, 1алашбахь,

                   Цу халкъан парг1ато

                   Цхьаммо а хьошур яц.  

Йо1:

Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман оьздангалла, литература, искусство. Цундела муьлхха а мотт байча метта х1отталур доцу зен хуьлуш ду х1окху дуьненчохь дехачу массо а адамашна.

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Талаева Хьавас «Нохчийчоь» ц1е йолчу эшарца.

К1ант:

Нохчийн г1иллакхаш хаза ду, иштта и хаза г1иллакхаш шеца долуш вара 1имран. Ша йоца яьккхинчу хеначохь, шех ала дика дош бен ца дитина цо ша мел вевзачарна. Муьлххачу меттехь везаш т1еоьцуш вара 1имран. Ша кху ишколе вог1учу хенахь, вог1ура газеташ, журналаш а дохьуш. Дешархошна боккха кхаъ хуьлура 1имран гучуваьлча.

Ишколехь дуккха а ду «Стела1ад» а, иштта кхин долу а журналаш доьшуш долу бераш.

Йо1:

Воккхаверца схьаоьцура 1имрана бераша вовшах тийсина дешнаш а, цара дехкина суьрташ а, уьш юха журнала т1ехь зорбане а дохура.

Х1инца шен да дагалоьцуш язйина «Сан, Хьоме Дада.» ц1е йолу байт д1айоьшу Джанаралиева Имана.

К1ант:

Адамаш кхетош – кхиорехь а ондда г1ирс бу мотт.

Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна  нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ.

Цо 1амадо вай Дуьненан а, Адаман а хазалла йовза.

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Белабеш б1аьргаш,

Йовхо лург хиллера

Сан ненан мотт.

Айдамиров Абузара язйина «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1айоьшу Дохкуева Маккас.

Йо1:

Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг – стаг вац. Цунна шен къам цадезар а, цалар билгало иза.

Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1оргера ян воьлча

Хилланийн чот

Эхь, иман я г1иллакх,

Доьналла эшча

Собар лург хиллера

Сан ненан мотт.

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Хатаева Матас.

К1ант:

Х1инца Галагаевс яз1ина «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1аоьшур ю Эмбаева Матас

Йо1:

Х1инца оха шун тидаме юьллу «Дарба» ц1е цолу сценка.

К1ант:

Арсанукаев Ш. «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1айоьшу: Мачиева Хазмана.

Йо1:

Муьлхха а къоман уггаре коьрта билгало,  иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан ша-тайпаналла гойтург мотт бу. Шен мотт бицбина вахар-иза вахар дац.

К1ант:

              Ваха а ца оьшу,

              Д1ахаьдча цунах,

              Бицбина вехаш верг

              Ю еса ботт.

              И саннарг карор бац

              Мел лехарх хьуна.

              Даймехкан дозалла

              Сан ненан мотт.

Х1инца Саидов Б. язйина «Ненан мотт» ц1е йолу байт  д1айоьшур ю Вараева Матас, Асхабова Метис

Йо1:

Кибиев Мусбека язйина «Меттан сий» ц1е йолу байт д1айоьшу Ибрагимова Фаридас.

К1ант:

Нохчийн мотт уггаре а ширачех, хьалдолчарех цхьаъ хиларан тоьшалла до ширачу тептарша, вайн барта кхолларалло, генарчу хенийн дийцарша, турпалаллийн иллеша.

Йо1:

Оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочо Л.Н. Толстойс аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Шу тидаме юьллу оха «Набахти чу воллар сценка»

К1ант:

Кхузахь карладаха лаьа оьрсийн яздархочо К. Паустовскоийс маттах лаьцна яздина мог1анаш а: «Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац. Шен къоман матте бен доцуш хьоьжуш верг – акха ву».

Йо1:

Ахматов Ваха «Ненан мотт» д1айоьшу Турачева Маремас

К1ант:

Х1инца вай сцени т1е кхойкху къона йишлакхархой: Абуева Хьава а, Талаева Хьава а.

Йо1:

Болтукаев 1абдуллас д1айоьшу ша яйина «Даймахке безам» ц1е йолу байт.

К1ант:

Кхо х1ума ду х1ора къоман а, ша къам делахь, дуьненчохь даима цхьана хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Вайн дайша сий-пусар деш, ларбеш схьабеъна и таханлерчу дийне кхаччалц.

Йо1:

Тахана, х1окху чолхечу, къам юхадендаран муьрехь, вайн коьртачу 1алашонех цхьаъ нохчийн мотт ларбаран, иза 1аморан, кхид1а кхиоран, цуьнан сий-ларам лакхабаккхаран 1алашо ю.

К1ант:

Х1инца шуна хезар ду шолг1ачу классан дешархочун Бугаев Расулан забаре дийцар.

Йо1:

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Абуева Хьавас.

Цо д1алокху «Оьздангалла» ц1е йолу йиш.  

К1ант:

Адаман са санна, ларбан беза вайн къоман мотт. Мотт ларбахь, ларлур ду вайн къам а. Шен мотт хаар х1ора нохчочун декхар ду.

Йо1:

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1орггера бовза а ницкъ лойла вайна.

К1ант:

Х1инца вай сцени т1е кхойкху уггар къона а, уггар корматалла йолуш а йолу йишлакхархо  Абуева Хьава. Цо д1алокху «Къонах» ц1е йолу эшар.

Йо1:

Ненан мотт, — Хьо бека бисалахь

                                 Тахконза дисинчу аганна;

К1ант:

Ненан мотт, — Хьо хезчохь бисалахь

                       Ненан мотт мел безачунна;

Йо1:

Нохчийн мотт, — Хьо баха бисалахь

                           Нохчийн къам мел деха цуьнца!

К1ант:

Хьоме доттаг1ий! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьаьнакхетар.

Iодика йойла шун, марша 1ойла!

Понравилась статья? Поделить с друзьями:
  • Метод написания сценария это метод планирования
  • Миленькая мамочка праздник у тебя
  • Методы организации праздника
  • Мероприятие караоке сценарий
  • Методика диагностики жизненного сценария